Оха цхьа буй латта а дӏа ца делла иза мостагӏийн цӏийца хьандаза! Ткъа кхузахь дечуьнга хьажал? Массо а йурт, цхьа топ ца кхуссуш, зурманаш лоькхуш, цӏогарчий лестош, меттанаш даьхна, хьесталуш, гаурашна хьалхахӏуьтту!
…Шемалан йуьхь кхоьлира. Йуха а карладелира шен дахаран уггар хала масех де. Ахульгохь эшна иза ведда Нохчийчу вогӏу денош. Уггар цунна тешаме ву боху ворхӏ мурд вара цуьнца: Юнус, Салихь, Мохьуммад, Нур-ӏела, Химатӏил, Муртӏади, Муса…
Тӏамца гонна йукъара бовлуш чов хиллера Шемална. Салихьан гихь валочу ворхӏ шо долчу Гӏеза-Махьмин настарх салтичун цамза кхеттера. Цхьана лекхачу, готтачу чӏожа тӏехула, дукъо а тесна, дехьабовла дезаш нисделира. Охьа чухьаьжча, халла къаьстара бухахь гӏергӏа Гӏойси. Тӏай дацара, амма, мухха девлла а, дехьадовла дезара. Ца довлахь, ӏожалла йара кийчча. Шемал кхоьрура кӏант гихь дукъо тӏехула дехьавала. Цо шен мурдашка дийхира, цхьамма кӏант дехьаваккхахьара аьлла. Амма уьш цхьа а вист ца хилира. Шен чевнна са а детташ, кӏант гихь дехьавелира иза…
Тӏаккха, шайна тӏаьхьатоллуш богӏучу Хьаьжа-Мурдан ал Хунзахин, Ахьмат-Ханан ал Сахалин бӏаьнах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа гӏерта хӏорш мацалло а, хьогалло а бӏарзбира. Йарташка баха а ца баьхьара. Схьа а лецна, ӏедале дӏабаларна кхоьруш. Лаьмнашкахь шаьш тӏенисделлачу шина жаӏуьнера дуккха а мах белла хи ийцира цара. Кхаа тобане бекъабелла боьлхура мухӏажарш. Жима Гӏеза-Махьма хьалхарчу тобанца воьдучу Салихьан гихь вара. Тӏаьхь-тӏаьхьарчара, кӏез-кӏезиг хи а молуш, баттам хьалха дӏалора. Кхано садаӏа севцча, шен кӏант гӏийло гича, Шемална хиира, мурдаша, оцу жимачу кӏанте цхьа къурд а ца бойтуш, дерриг хи шаьш дӏа а мелла, йассийна баттам бердах чукхоьссина хилар…
Дагестанан имамаллин оцу кхаа-деа шарахь цигахь шена йина йамартлонаш, тешнабехкаш ца бицлуш, тӏаьхьа цхьа хан йаьхьира Шемала. Ша нохчаша имам кхайкхийча, Нохчийчу веана, массо дагестанхойн ӏеламча ве, хьаьжкӏаш эца баьхкинчаьргара говраш, варраш схьайаха аьлла, омра а дира. Амма дог ца ӏийра ца кӏадлуш а, шечаьргахьа ца узуш а. Хӏинца деш дерг а…
…Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка.