Дагестанхой а ца ӏара ала кхоабелла. Хӏокху тӏаьххьарчу хенахь нохчийн йарташ, дуьхьалойар сецош, паччахьан эскарийн карайаха йоьлча, нохчий йамарт бу бохуш, тӏехбеттамаш бора цара. Шинна а агӏорниш ца кхетара, бӏеннаш шерашкахь цхьаьна хӏара лаьмнаш хазарех а, аланех а, монголийн ханех а, Тимуран гӏеранех а, гӏажарийн шахех а лардина, дикий, вонний, хазахетаррий, халахетаррий вовшашлахь нийсса доькъуш схьадеанчу жимачу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъашна йукъа мостагӏалла доларна бехке дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн къизалла а, сутаралла а хиларх. И ший а халкъ ма дара майра, оьзда, къинхетаме а.
– Тоьур ду, Бойсагӏар! – аз айдира цо. – Кӏордийна суна хьан ӏиттарш, кураллаш. Некъана кечам бан арадовла…
Василийна хьалхахӏоьттира имам йийсаре воьду дей, миноташший. Оцу цхьана-шина баттахь къанвелла букархьаьвзира Шемал. Коьртах хьарчийна йеха кӏайн чалба. Кӏайчу гӏовтална тӏехула дихкина кхелина шаьлтий, доьхкий. Кочахь – детица кхелина тур. Бендоцуш тӏехьа доьхкарх йоьллина кечйина ши тапча. Зоьртала, амма хаъал букъ сеттина, нуьцкъала дегӏ. Сирйала йоьлла гӏин диллина йуькъа маж. Йийсаре ваха сацам хилла араваьллачу цунна дуьхьалваьлла буьрса наиб Бойсагӏар.