Говро хи моллучу йукъана
да́харан ойлайеш бе́ре́чо,
дино, ше́н бергаца
жагӏанан суй къа́гош,
ойбура гӏелйелла ден ойланаш.
Говро хи маллал бен йо́цучу
буьйсанна ойла йеш илланчас
иллино, ше́н дашца
Даймехкан суй къа́гош,
ойбура гӏелйелла ден ойланаш.
Со кхетта сайн махкахь
хӏо́ра а бе́ре́ илланча хӏунда хилла.
Супа хаьа,
дин беллачу кӏентан илли му́ха дека.
Амма ца хаьа,
илли деллачу кӏентан дин му́ха терса.