Цхьаьна, цхьа ба́хам а болуш, цхьа керт а йолуш, бе́хаш-ӏаш хилла зударий а балийна вежарий. Де́х дисина долу да́къа а, берриге ба́хам а кхааннан йукъара а болуш, хаза вовшийн марзо а йолуш, бертахь ӏaш хилла кхо ваша.
Цкъа цхьана дийнахь воккхах волчу вашас шен зудчунна хьалха дозалла дина:
— Тхо санна барт а болуш, цкъа́ а йуккъехь дар-да́цар а ца хуьлуш, цхьана кертахь, цхьа ба́хам а болуш, хӏокху дуьненахь вежарий буй-те́?! — аьлла.
Ла а доьгӏна, зудчо цуьнга аьлла:
— Шуна йуккъехь болу барт, шу иштта чӏо́гӏа дика вежарий долу де́ла бац хьу́на, хьо дукха ва́харг. О́ха, шун зударша, шуна вовшашца дов даккха бахьана ца ло де́ла ду хьу́на.
Шун цхьана дийнахь барт хир ба́цара-кх, тху́на лиънехьа́ра!
— И хӏун ду ахьа дуьйцург?! Зударша бохор бара тхуна йуккъе́ра барт?! Кхин, хьо йелла дӏайаллалц, цкъа а ма далийталахь хьайн багара и санна дерг! — э́лира дукха чӏо́гӏа оьгӏазваханчу хӏусамда́с.
Кхин цунах дош а́ла йахьа а ца йаьхна, йист а ца хуьлуш, а́райаьлла зуда, хуур ду вайна, бакъ мила лоь, бо́хург, дагахь а долуш.
Дукха хан йа́лале, жимах волчу ваша́с, ша жа тӏера во́гӏуш, шеца ӏáxap балийна. Цунна урс а хьаькхна, и тила а бина, жижигах кхо да́къа кечдина цо.
Тоьлаш долу да́къа а, цу тӏе биллина корта а шен воккхах волчу вешина дахьийтина цо.
Жижиг схьадеъча, воккхах волчу вешин зудчунна цу йуккъехь хьалхара гlуoгl гина.
— Хӏинца хуур ду вайна, бакъ мила ву! — ша́-шега а аьлла, жижиг тӏехь долу шун дӏа а тоттуш, шен хӏусамде́га йистхилла зуда:
— Хьалхарчуй, тӏехьарчуй гӏогӏашна йуккъехь башха йоккха башхалла йацахь а, делахь а, хьо воккхах волу ваша хиларна, хьан вашас хьу́на тӏехьара гlуoгl даийта дезара. Хӏинццалц хьоьца и дийца аьтто ца баьлла сан, амма дукха хан йу аса цуьнан тидам бина: хьан вежарша хьо, ла́ра ма веззара, ца ло́ру, хьо ле а во, — аьлла.
Зудчо дуьйцург, цхьа «нун» долуш хӏума дуйла, коьрте́ а ца до́гӏуш, воккхах волу ваша чӏо́гӏа оьгӏазвахана шен вежаршна.
Ша́ волчу ши ваша схьа а кхайкхина, цо аьлла цаьрга: