Бераш-м дӏадовдура сихонца, и гӏаж шайна кхетта йаьлла тарлой.
Тахана суьренца хьарчийна доккха гали а дохьуш бешана йуккъехула вогӏуш волу кхо жима кӏант цакхоьруш вогӏура воккхачу стагана дуьхьала. Садо ша а ваьллера цец оцу гӏуллакхах.
— Аша хӏун леладо бешахь, кегийра нах, суьйре тӏе а гӏортийтина? – буьрса хаьттира хехочо берашка.
— Малх охьахиина балале дӏо ломана тӏедовлан дохку-кх тхо, - майрра жоп делира Халидас, массеран а метта.
— И гали-м ӏежашна кечдина ду моьтту суна шун, - хӏиллане къежира Садо.
— Ваша,ӏежаш-м оха чета а духкий лачкъадо, ткъа гали малх чуболлан кечдина ду тхан, - дозалла дарца жоп делира Халидас.
ӏасана меттана лелош йолчу гӏожана тӏе а тевжина лаьтташ волу Садо къежачуьра сецира. Дукха буйнахь лелийна шарйелла гӏаж аьтту куьйга а лоцуш цец деина висира иза.
— И бохург хӏун ду? Хӏун малх? – эххар а хаьттира Садос берашка.
Шаьш чӏогӏа сиха делахь а, воккхачу стагера пурба доцуш дӏадахан ца товра бераш, цундела цара сихо йира воккха стаг кхетаван гӏуртуш. Шай, шай ала гӏоьртина шен ши накъост саца а веш, йуха а Халидас элира:
— Малх ломана тӏе нисбелича оха иза гали чу а боьллина схьабохьура бу, вайн йуьртахь даима а сирла хилийта.
Воккхачу стага корта ластийра. Иза хӏинца кхийтира бераша ара баьккхинчу некъах. Кӏентийн майраллех цец а ваьллера иза.
-Шу-м делахь сиха хира ду. Делахь а цкъа аса олучуьнга ладогӏа таро хир йарий техьа шун? – хаьттира Садос, стоьмех доьттина лаьттачу ӏожан диттана бухахь сийначу бецан тӏе охьа а лахлуш.
— Хӏаъ... хир йу дера, - цадевлла реза хилира бераш.
- Малх-м аша галийна чу а боьллина вайна схьабохьура бу. Вайн жимачу йуьртахь даима а сирла, а йовха а хир йу. Вайгахь ловзар хир ду, ткъа доккхачу дуьнена чохь эзарнаш адамаш а, акхарой а, хьозий а боданехь дахан дезара ду-кх. Шуна боккъалла а лаьий такъа, шайна малх тайна аьлла, вуьйш массо а боданехь а, шелонгахь а бита? Хӏинца аса кхи хьен ца до шу делахь. Шайн гӏуллакхе хьовса шу, - олуш паргӏато йелира хьекъален воккхачу стага шен къамел чекхдоккхуш.
Бераш цӏеххьана кхийтира шайгара ӏаламат онда гӏалат даьлла хиларх. Мегара дуй ткъа шайн ойла а йеш, нахана бала бан, - ойла хьийзара кӏентийн хӏинца а дукха къоначу кортошка.