Цо тоамбора зудчун кхиамех. Николайс эскарехь гӏуллакх дешшехь, Светланех историн ӏилманан кандидат хилира. Иза цхьана ӏилманан-талламан институтехь балхахь йара. Кхуьуш жима кӏант а вара цаьршиннан. Николайн къеначу нанна шел ирсе стаг дуьненахь а вац моьттура.
Цӏеххьана – тӏом. Цо дохийра Николайн доьзалан ирс. Тӏом болабеллачу хьалхарчу деношкахь фашистийн бомбанаша дийра Николайн нана а, зуда а, кӏант а…
ӏилманча а цунах ца хили. Доьзал а бац. Аттала цуьнан ирс ца хили, и хьердаьлла фашистски экха, лаьллина, малхбузехьа а дигна, ша схьадаьллачу тунгари чу а доьллина, цигахь цуьнан корта отуш дакъалаца а. Ткъа цуьнан бӏаьхаллин накъостий цига кхочуш лаьтта. Советски латта тоххара цӏандина фашистех. Хӏинца тӏом Германин махка тӏехь бу. Стохка дуьйна шаьш бинчу меттигашка йуха дӏаоьху тӏом болчу хенахь малхбалехьа кхелхина бахархой а. Цигахь йухаметтахӏиттош йу йарташ, гӏаланаш. Ткъа гвардин капитан хилла, амма хӏинца заьӏап хьехархо Бороденко кху лаьмнашка а хиъна ӏа.
Хӏун дийр ду цо? Дийна йисина йиша а фашисташа Германе дӏайигна. Хууш дац, иза дийна йу йац а. Цига йухавирзича а, дерриге а карладийр ду. Йуха а бастабаларна кхоьру хено берзийна деган чевнан мо. Изза кхоллам бу цуьнан зудчун а. Кху эвлахь, кху школехь девзина цаьршинна, кхузахь бозабелира цаьршиннан кхоллам.
Цуьнан майра а вийна Смоленскна уллохь хиллачу тӏамехь, Курскехь йийна жима йоӏ а. Цунна а ца лаьа Курске йухайерза.
Хало шераш ду хӏорш. Цхьа къена нах боцурш, берриге а божарий фронтехь бу. Йуьртбахаман гӏуллакх дерриге а зударийн кочахь дисина. Партийни а, советски а, колхозан а куьйгалла хӏокху кхааннан карахь ду. Иза ша парторганизацин секретарь ву. Анастасия Федоровна – йуьртсоветан председатель, тӏеман заьӏапхо Сапар – колхозан председатель. Цара шайн ницкъ ца кхоош къахьоьгу фронтана. Дерриге а толамна, дерриге а оккупацех паргӏатйаьхначу малхбузен областашна дӏахьийзадо цара. Хала-м ду, амма йуьртара цхьа а вахархо вац чӏеӏаш. Царна хаьа, мостагӏ вохийна, дӏаваьккхича бен, Даймахкахь машаре дахар хӏуттур доцийла. Хӏинца цкъа-м хӏор а доьзалехь бала бу.