Ткъа оха, ӏовдалчу бераша, сатийсира ворхӏ класс чекх а йаьккхина, деша даха. Ас а, Решеда а сацамбинера, хьехархойн техникум чекх а йаьккхина, школехь болх бан… Хӏун хилла-те цушиннах? Дийна вуй-те? Йа, со санна, ги ларча а тоьхна, цхьанхьашха волавелла лела-те?…»
Гонаха керт йоцуш тесна лаьттачу цхьана бешарчу лекхачу акхтарга кӏел садаӏа охьахиира и шиъ. Наггахь стаг а тӏех ца волура цаьршинга мичара вогӏу, стенга воьду ца хоттуш. Оцу цхьана шаро массо хӏуманах а тешамза баьхна, сема, ларлуш хила ӏамийнера нохчий. Цундела, шимма-кхаамма шайга и хеттарш дича, сорсаваьлла[10 - Сорсаваьлла – шекваьлла], и шиъ сихха цигара дӏавелира. Мансурна ца лаьара районан центрана йуккъехула чекхвала. Карахь документаш долушшехь а, сецош, новкъахьовзам бора цаьршинна. Цундела, йуьстаха пебетташ, йуьртан дехьа маьӏӏе а ваьлла, жимочу хин лекхачу тогӏина тиллинчу тӏай кӏел сецира и шиъ. Кхин дӏагӏертийла дацара. Цкъа-делахь, хӏуъу таро йина а, жимма мацалла йуха ца йерзийча ца йолура, шолгӏа-делахь, суьйре герга-гӏертара, охьавижа меттиг тарйан а дезара.
И шиъ хиъна ӏаччохь лаьттах бухдолуш шийла шиъ шовда дара. Мата, ламаз а дина, кара суьлхьанаш а лаьцна, ойланашка ваьлла дӏатийра. Вист ца хуьлура Мансур а. Цаьршимма кӏелхьарвала некъ лоьхура. Мансур шен ойланех йукъахваьккхира, чучча пхьаьрсаш даьхна, деана, цаьршинна тӏехула тӏай техь сецначу оьрсийн къоначу зудчо а, стага а. Вовшашца забарш йеш, доьлуш деана и шиъ, кхушиннах бӏаьрг ма-кхийтти забарш, беларш дитина, лохха къамел деш сецира. Иттех минотехь цигахь хӏоьттина а лаьттина, цаьршинна тӏедеара и шиъ.
– Суьйре дика хуьлда шун! – голаш тӏе лахвелира йоьӏан накъост. –Шуьшиъ хӏун деш ву кхузахь?
– Садоӏуш, – дегаза жоп делира Мансура.
– Кхузахь садаӏа мегар дац. Ца го хьуна тӏуно, – лаьттах пӏелг ӏоьттира къоначу стага. – Кхузахь генайоццуш чайхана ма йу. Ткъех метр дехьахь. Цигахь хаза довхачу цӏа чохь садоӏийла а, довхха чай молийла а ду.
– Ахча дац тхан…
Стаг а, йоӏ а вовшашка хьаьжира. Мансурна гира стеган йуьхь кхоьлаш. Цхьана йукъана вист ца хуьлуш а ӏийна, тӏаккха и шиъ мичара вогӏу а, стенга воьду а аьлла, хаьттира цо.