майоро, катоьхна халат кочера схьа а лаьцна, озийна хьала а гӏаттийна, шена тӏе а оьзна, хьерваьлча санна, мохь а хьоькхуш, оцу мисканна бетах масазза а тӏара туьйхира.
– Чуволла иза! Соьгара бакъонца бен, цхьа а тайпа рицкъа а ма ло цунна! – эххар а оьрсийн маттахь омра дира цо неӏарехь лаьттачу дежурничуьнга.
Дежурни милцо йухавеача, цо шена тӏекхайкхийтира цхьа лейтенант. Майоро, шен киснара схьайаьккхина Матагӏеран бакъо шена хьалха стоьла тӏе охьа а йиллина, йаржош нисйира.
– Мичара вогӏу шуьшиъ?
– Ош областерчу Узген районера, – жоп делира Мансура.
– Стенга воьду?
– Джалал-Абад областерчу Караташ районе.
– Хӏунда?
– Гергарниш болчу.
– Воккхачу стага хӏун до гергарниш болчохь? Иза-х кестта лийр ву. Къена вир. Хьалагӏатта! – мохь хьаькхира майоро.
Мата халла хьалаайъавелира.
– Бандиталла дукха лелийний ахь? Фрицашна мел гӏодина ахь? Ахӏа! Цхьана куьйган пӏелгаш дац! Хьан даьхна хьан уьш?
– Граждански тӏом болчу хенахь…, – йукъагӏоьртира Мансур.
– Хӏай-хӏа! Басмач хиллийца! И дӏилда а йу хьан бандитачух тера!
– Хӏан-хӏа, воккха стаг а, цуьнан ваша а советан ӏедалехьа вара. Соьлжа-гӏалахь бӏедийнан тӏамехь чевнаш хиллера цаьршинна…
– Сацийта, зуьдан кӏеза! Хьан болх ас йийр йу! Комендатуро бакъо воккхачу стагана бен ца йелла, ткъа хьо мича бакъонца лела?
«Ванах, оцу узбекна санна, тхойшинна а йетта волалахь, охашимма хӏун де-те? Дуьхьало йан ницкъ бацахь а, сатохалур ма дац соьга. Тӏаккха, дуьхьало йина аьлла, ший а таӏӏийна чувуллур ву…»
– Со а ву оццу бакъонна тӏейазвина. Тӏехьа агӏор хьажа…
Майоро, стоьла тӏе кхоьссина кхушиннан бакъонан кехат схьа а эцна, цуьнан шина а агӏон тӏе хьаьжира лейтенант. Тӏаккха меллаша майоре вистхилира:
– Кху тӏехь дерриге а нийса ду, накъост майор. Бакъо ден цӏарах йелла, ткъа кӏант букъа тӏехьа йазвина ву.
– Хӏунда сецна шуьшиъ кхузахь? – лейтенанте ла а доьгӏна, йуха а мохь хьекха хӏоьттира майор. – Узбекистанан территори шайна йихкиний ца хаьа шуна?
– Караташ районе боьду некъ кхузашхула чекхболуш ма бу…