шолгӏачу шарахь цуьнан аьтто хилира цигара дӏа фронте ваха. Амма Рахманкулан шершинчу кого иза меттахӏотта ца вуьтура: цо дакъалаьцначу дуьххьарлерчу тӏамехь луьра чов хилла иза, вехха госпиталехь ӏиллинчул тӏаьхьа цӏа а вирзина, кху школехь тийна болх а беш хан токхуш вара.
Николай Кузьмич валлал дохковаьллера ша ойла ца йеш аьллачу дешнашна. Цунна гора Рахманкулан лекхачу хьаьжа тӏе оцу минотехь хьацар тухуш.
– Накъост Бороденко! Со большевикийн партин, советски даймехкан кӏант ву, – элира Юсуповс лохачу озаца, амма сацамболлуш. – Хӏаъ, ас дуй биъна Ленинан весеташ кхочушдан. И дуй бара сан дахарехь хала даьхкинчу деношкахь суна ницкъ а, собар а, къонахалла а лург. Хаалахь, партина, халкъана тешаме хилла со лаьттан кийра воьрзург хилар!
Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тӏе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.
– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гӏоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чӏогӏа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гӏуллакх ма дац. Айса иза иштта ӏаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца ӏаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.
Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцӏена велакъежира Рахманкул.
– Суна хӏунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гӏеттина, тӏевахана, Николай Кузьмичан белша тӏе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хӏаллакво. Тӏехула тӏе, стеган ларлуш хилар кӏиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хӏаллакьхилар? Со лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагӏий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гӏодоккхуш, бакъдерг элира. Тӏаккха со а туьйхира царах дӏа. Хӏинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а