дийнахь цхьацца бахьанаш лело а мега цара. Амма шайн къамелашкахь цара нохчий бакъ беш дош а эр дац, йа ала а баьхьар бац. Йа цара хьуна луъучу тайпана берашца къамелаш дича а, оцу берийн дегнаш чохь хьуна йита луу лар а йуьсур йац. Оцу хьехархошка, цаьргахула берашка а, шайгга ойла йайта йеза оцу гӏуллакхан. Уьш шайн синкхетамца тешийта беза, ахь ма-аллара, вон, зуламе халкъ дуьненахь цахиларх, хила йишйацарх, советски халкъийн бертахьчу доьзалан членех и цхьаъ хилар а, массеран йоллу бакъо хила иза хьакъхилар а. Амма муха дан деза иза? Кхузахь жимма ойла йан йеза. Ас сайна хетарг эр ду хьоьга. Гой хьуна, Николай, хьо украинец ву, хьан зуда оьрси йу, со узбек ву. Тайп-тайпанчу къаьмнех долу вай кхоъ оцу нохчийн бала кхаьчна хьийза. Кхечу агӏор хила йиш а ма йац иза. Вайн советски халкъийн цхьа Даймохк а, цхьа ӏалашо а, цхьа некъ а бу. Цундела советски халкъийн доьзалехь муьлххачу а халкъана хилла бохам, лазам вукху дисинчийн дагах кхета.
Стоьла тӏехь лаьттачу графина чуьра хи стака дуьззина чу а доьттина, дӏа а мелла, шен сирачу мекхех дайн куьг хьаькхира Юсуповс.
– И нохчий, кхуза схьабалабаллалц, цкъа а суна гина адамаш дацара. Къилбаседа Кавказехь бехаш нохчий, гӏалгӏай буйла а, церан шайн автономни республика йуйла а хаьара суна. Амма кхин дӏа царах лаьцна хӏумма а ца хаьара. Ткъа нохчий схьабалочу хенахь, кхузахь дуьйцура, уьш бандиташ, разбойникаш, къуй бу, цара, котам йуьйчул башха ца хеташ, шаьлта а хьокхий, стаг воь бохуш. Со а, со саннарш-м а ца тешара оцу эладитанех, амма тешарш а дуккха бара. Хьуна ма хаьа и дерриге а. Суна хетарехь, адмийн исторехь хилла йац дийнна халкъ бехкедеш, дийнначу халкъана тӏехь таӏзар деш меттиг. Нагахь хиллехь а, суна ца хезна. Ткъа, бала а бина зударий, бераш а, къена нах а кхуза охьатийсича, меца, гӏийла, махках бовларна дегнаш доьхна уьш сайна гича, оцу суьрто соьга ойла йайтира. Хӏара хӏун къам ду-те, сил луьрачу таӏзарна кӏел дожа, кхунах хӏун бехк баьлла-те аьлла, дагадеанчу ас, цкъа районе вахача, библиотеке а вахана, справочни литература кегийра. Доцца аьлча, йоккхачу советски энциклопеди тӏера Кавказски тӏамах а, нохчех а, церан республикех а лаьцна