хӏиттош, цӏенкъа ӏийдалора. Кӏамлора дегӏ а, амма мӏараш хьакха йиш йацара. Оххӏай, ма дохкойаьллера-кх и шиъ чуйарах! Хӏусамдай чохь цӏена ӏаш, догдика, оьзда нах бу. Гӏиллакхна цара чуйола аларх, йогӏуш хуьлу ткъа? Хьанна хаьа, церан дагахь дерг хӏун ду? Хӏун гӏуллакх дара, хӏокхарна хӏара гатто йан? Амма хаза-х ма ду кху довхачу цӏа чохь. Хӏетта деттинчу бепиган хазачу хьожано, дагна там беш, цергех хи туьйсуьйтура. Меро схьалецира хи чу йоьхкинчу наьрс-помидорийн хьожа. Ма дика хир дара-кх хӏусамнанас цаьршинна цхьацца цастар бепиг а, цхьацца наьрс а йелча…
Ткъа дохлуш долу догӏмаш тӏетта тӏе кӏамлора.
– Машенька, хӏуъу лой а, йуург лохьа цушинна. Миска Зану йаӏ, баланаша гӏелйина-кх хьо. Дӏайаханчу аьхка хьайн майрачуьнца цхьаьна со шайга веана дагадогӏий хьуна? – хоьттура Николай Кузьмича. – Хӏаъа, хеназа кхелхи Маил. Хӏун дийр ду ткъа, иштта дуьне ду-кх хӏара. Велларг дӏавуллу, висинарг веха. Кху заманахь цхьа а вац дуьненах сакъералуш. Хӏор а доьзале бала беана тӏамо. Хӏетахь шаьш хиллачу цӏеношкахь йуй хьо?
– Хӏан-хӏа, сайн марваша волчохь ӏаш йу со
– И цхьа пхьарс сакхат берг вуй иза? Иза-м ца хилла фронтехь?
– Ца хилла, дера-кх. Мацах цкъа нохчийн ловзаргахь девнаш даьлча, цхьамма шаьлта тоьхна сакхат бина цуьнан иза.
– Дов хьаштдоцу хӏума йу. Тӏехула тӏе, шаьлта хӏунда туху?
Буй-тӏара йина, дерзо а ца мегара?
Шена оьрсийн мотт кӏезиг хааре терра, къамелна кӏорге ца гӏерташ, Николай Кузьмичан хаттаршна доцций жоьпаш а луш Зану а, йист ца хуьлуш Хелипат а хиъна ӏара. Ткъа Николай Кузьмича, хӏуъу дина а, кхушиннан самукъадаккха гӏерташ, ца соцуш хабар дуьйцура.