«Хӏан-хӏа, кӏелхьарвала некъ лаха беза, – сацамбира цо тӏаьххьара а, – хӏара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан йа сайн вежаршна тӏекхаьчча, ас хӏун ала деза?»
И сацам хиллачу шолгӏачу дийнахь, ӏуьйрре гӏеттина, пхьаьрса кӏел тӏоьрмиг лаьцна, кху йуьрта веара Муса. Цхьана урамехула масазза а дӏасавахара иза, масазза а цхьацца цӏенойн кетӏахь сецира. Амма даго ца вуьтура, кевнах чоьхьа а ваьлла, неӏаре а вахана, хӏусамдайшка куьг кховдо. ӏожалла! Стенна кхоьру иза цунах? Хӏун ду шен, шен доьзалан, шен къоман а сийл деза? Сий дайна вехачул-м, валар гӏоли ма йу! Вала хӏунда ле? Буьйсанна ара а вуьйлуш, йолчуьра лачкъийча? Сагӏа доьхучул-м, къоладар тоьлу!
Оцу ойланаша ӏехош, шена хаа а ца луш йуьртах араваьккхинаМуса йуьрта йисттехь лаьттачу цхьана дехачу, тишачу божална тӏеӏоттавелира. Баьсса тӏоьрмиг карахь дестечунна хьалха гӏойла а ма дац. Тӏехула тӏе, уьш кхоъ меца дара. Миччара йаьккхина а, пхьуьйранна хӏума йахьа йезара. Ткъа, хьанна хаьа, оцу божалахь каро а ма мега пайдехьа дерг. Дӏогахула котамаш лела йежаш. Божална чуьра хур-тӏур деш араиккхи ши хьакха. Цхьа хӏума ца хилча, хьийзар ма йацара уьш оцу чу. Ма дика хир дара оцу чохь цунна хӏоаш карийча!
Муса божали чу велира. Цӏенкъара нехийн баьрзнаш кегош кхин а шиъ хьакха йоллура. Бӏаьргаш жимма боданах боьлча, Мусана хиира и баьрзнаш мацах цкъа гурахь буракаш, жӏаьнкаш, копастанаш цӏанйеш дӏатийсинчу лоьдгех хилла буйла. Бехк а ца хилла хьакхарчийн уьш кегорах.
Муса чуваьлча, шайн болх битина, хьалатаьӏира ши хьакха. Цхьаннан кӏомсаршна йукъалаьцна йоккха кӏайн бурак йара. Мусан ши бӏаьрг серлабелира. Хьакхин багахь дерг жовхӏар хиллехь-м, тергал а дийр дацара цо. Цунна гург дийнна бахам бара. Цуьнан меца са йухадерзо ницкъ болуш. Шен цергех тесначу хих къурд бина, божалан неӏ тӏе а чӏаьгӏна, хьаьвдех хьокха а баьккхина, тӏеволавелира иза. Дуткъий, доца цӏагарш хьала а саттийна, хур-хур деш дӏаиккхира ши хьакха. Масазза а хьокха тоьхча, эххар багара бурак охьатесира хьакхано. Схьаэцна, хечех хьаькхна, тӏера шеташ дӏа а йаьхна, ӏуьйшуш хан ца йойъуш йиъна чекхйаьккхира цо. Тӏаккха, неӏ йиллина, ши хьакха ара а хецна, баьрзнаш тӏехь цаьршиннан меттиг дӏалецира.