Покровкехь вехаш волчу къоначу стага Солтагериев Лоьмас Сталине арз йаздинера. Оцу тӏехь кӏанта дуьйцура нохчийн халкъ бехк боцуш махкахдаккхар а, махках дохучу дийнахь а, схьадалош новкъахь а цунна тӏехь бина ницкъ а, кхузахь шаьш хьоьгу ӏазап а. Кехат районера ара ца даьллера. Цхьа кӏира хьалха и кӏант ша волчу кхайкхира Кривошеевс.
Кривошеевна моьттура иза цхьа бӏаьрла жимстаг хир ву. Амма хӏара оза йуьхь йолуш, дегӏана хесара йалхитта-вуьрхӏитта шо хенара кӏант вара. Хӏокху шиннан къамел деха ца хилира.
– Солтагериев Лоьма вуй хьо?
– Ву.
– Оьрсийн мотт мичахь ӏемина хьуна?
– Гӏалахь хьехархойн техникумехь шина шарахь дешна ас.
– Хӏара арз ахь йаздиний? – кхо маьӏиг йеш хьарчийна кехат дӏагайтира цо.
Кӏантана девзира иза:
– Йаздина.
– Хӏара хӏунда йаздина ахь?
– Оцу тӏехь дуьйцу ас иза хӏунда йаздина.
– Сталина, правительствос а биначу сацамашна дуьхьал ву хьо?
– Сталинна хууш дац тхан халкъана тӏехь динарг!
– Хӏета, цунна а ца хууш даьхна шу махках?
– Цунна ца хууш ца даьхна, цуьнга харц дерг а дийцина, иза ӏеха а вина, даьхна.
Кривошеев, хьала а гӏеттина, ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, цӏа чухула волавелира.
– Хьан тентак коьртехь хьекъал ду ткъа хилларш хаа а, къасто а? Шайн дайша а, вежарша а лаьмнашкахь советан ӏедална дуьхьал тӏом беш, фашисташна гӏо деш, мичахь вара хьо?
– Бакъ дац иза! – мохь белира кӏентан.
– Сацайе хьайн муцӏар, фашистийн къутӏа!
Кӏант дӏатийра.
– Кхин йаздийр дуй ахь хӏара тайпа арз?
– Кху районера арадолуьйтуш ца хилча, эрна ду йаздар.
– Дӏакхочург хилча, йаздийр дара ахь?
– Дара.
Уллош тӏехволуш, цӏеххьана саца а сецна, шен ницкъ ма-кхоччу ластийна, цуьнан лерган агӏох тӏара туьйхира Кривошеевс. Дӏакхоссавелла кӏант, пен лаьцна, ирахь сецира. Цергашца къевллина балда а лаьцна, оьгӏазаллех буьзна баьргаш Кривошеевна тӏе а боьгӏна, лаьттара иза. Цуьнан шина а мерӏуьргахула цӏий доладелира.
– Кхузашхула схьадалош къа а ца хьоьгуш, шайн лаьмнашкахь дайъа дезаш дара шу! Аганара бераш цхьаьна! Дуьнен чуьра шун хӏу дӏадаккха! Бандиташ! Фашистийн хьадалчаш! Хӏара тайпа а, цхьана тайпа а кехат йаздан хьуна дагадагӏахь, – кӏентан мера кӏел ӏоьттира цо