Оцу йуьртахь пхи-йалх стагана а бен ца хаара и лекха, вуткъа хьаьрса воккха стаг а, цуьнан шийтта шо хенара хесара кӏант а мичара ву, мила ву. Амма массарна а хаьара, и шиъ нохчий махках баьхначу хьалхарчу дийнахь цхьа гӏуллакх хилла луларчу йуьрта вахханчуьра схьавалийна, шайн гергарчех-м хьовха, йуьртахойх а къаьстина, царах хилларг а ца хууш, кхузахь хан йоккхуш вуйла. Хӏетте а, кхуза схьакхаьчначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна везавелира иза массарна а.
Тахана санна, йочане, амма бӏаьстенан йуьхьан де дара иза. Шовзткъе итт километр генара цӏерпоштан некъа тӏера стерчийн, говрийн ворданашца, эмкалийн ковраца схьабалийна ткъа доьзал йуьртан клуба чу охьахаийра. Масех доьзал цхьана вагонна чохь а болуш, инзаречу гаттехь цхьана баттахь цӏерпоштан товарни вагонаш чохь шайн лаамехь доцуш биначу бехачу некъо гӏелдинера адам. Хӏетахь хӏораммо а сатуьйсура, мичча махка, мичча хьоле кхийсина а, цкъа оцу вагонаш чуьра ара а даьхна, цӏена хӏаваъ чу а узуш, паргӏат садаӏаре. Цара сатийсина сахьт тӏекхаьчнера. Амма хӏинца а гуш дацара церан дегнашна маслаӏат. Кӏадделла, гӏелделла, бехделла адам. Доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчийн узарш. Цабевза мохк, меттигерчу къоман ца хаьа мотт, цайевза амалш. Церан хӏораннен а йиша-ваша, гергарниш, йуьртахой бара. Амма мичхьа кхийсина-те уьш, хӏун хилла-те царах? Маца гур бу-те уьш, йа гур а буй-те? Хаац. Хиндерг цахааро гӏайгӏане дожийнера адам. Ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна, дуьне къайладоккхуш, тӏегӏертара ӏаьржа, тийна, сингаттаме буьйса…
Оцу йоьхначу буса генарчу Тянь-Шанан лаьмнашкахь дуьххьара дийкира нохчийн назманан аз. Йуьхьанца ша дека доладелла иза дӏаийцира йуххехь хиъна ӏачу шимма-кхаамма. Цхьа-ши минот йалале, воккхачу стагана гонах гулбелира цу чуьра берриге а божарий. Дӏатийра берийн белхарш, цомгашчийн узарш а. Йиллинчу неӏаршкахула ара а дуьйлуш, ӏаьржачу бодашкахула генна дӏакхерстира нохчийн ойланечу мукъаман аз.