– Могаш йацахь, цӏа йаха йеза, Зану. Тхойшинна кхин накъостий нислур бу. Цӏа йахалур йуй хьо?
– Хӏаъ…
Галйуьйлуш, дӏайолайелла Зану некъо голатухучухула къайла йаллалц цунна тӏаьхьа хьоьжуш а ӏийна, Хелипате, ша хӏинцца схьавогӏу а аьлла, Сарыбайгӏеран керта вахара ӏабдул-ӏаьзам. Уьйтӏахь кертах тесна лаьттачу боккхачу ӏожачу старана хьалха йол таса гӏерташ воллуш Сарыбай а, цунна тӏе а хӏоьттина, дов деш лаьтташ Умсунай а карийра цунна.
– Гӏовгӏа а ца йеш, чугӏохьа, каьмпар! Хӏара хӏун ду ша дан ткъа? ӏедале дӏадала дезарг-м хьо а, ӏабдулла-акхсакхал а дара. Ши ӏовдал! Шуна-м, дера, моьттура, и халла ирахь лела бер а эцна, со комендант волчу ваха воллу. Со басмач ву-м ца моьтту шуна? Амма ашшимма доккха гӏо даьккхи цуьнгахьа. Ишттаниг цуьнга кхин ца леладайта, иза кхеро гӏертара со, ткъа ашшимма со бехке во. Ас а магийтича, кхечо а могуьйтур ду моьттуш, иза цхьа адамалла доцчу стеган керта гӏортахь? Цо, вига а вигна, ӏедале дӏалур ву, тӏаккха иза ваьккхина берийн колоне дӏавуьгур ву. Йа, ӏедале дӏа а ца луш, лечу хьола тӏе валлалц йеттар йу. Иштта меттигаш кӏезиг ца хилла. Байъинарш а бу. Шаьш диканиг до а моьттуш, цунна зулам до аш.
– Бехке ву-кх со, Сарыбай. Вайша вовшех ца кхийтира. Бехке ву!
– Ву, дера-кх. Тӏехула тӏе, каьмпара этӏо дог. Цкъа кхаллал бен рицкъа дацахь а, иза оцу берашца йоькъуш ӏаш ма йу иза. Хӏетте а, Решеда шена къола дича, цуьрриг а оьгӏаз а ца йоьду. Сийсара иза ӏахар тилош воллуш тӏекхаьчча, айса цуьнан цӏога ца дохдарх дохковаьлла со. Иза ахь дийр ду моьттуш, ӏийра-кх.
– Гӏиллакхехь дацара, Сарыбай. Да-нана доцчу оцу мисканна муха тухур йара?
– Вайша ду-кх церан да-нана. Вай дац церан дола дан дезарш? Дӏа чугӏо. Чай кечдешшехь, сту хи тӏе бигна вогӏу со.
Нох дохуш бежаш лаьтта сту а, цунна улло хӏоттийна цхьа сту бужу салаз а гича, ӏабдул-ӏаьзамна дагадеара ша Аюб цӏа вало накъост воцуш хилар.
– Хьо чу хӏунда ца воьду?
– Чувеана ӏойла дац сан, Сарыбай.
– Хӏунда? Иэхь хета хьуна? Дитахьа уьш! Хьо сол воккха ву, ахь аьлларг-м тарлур дара. Со а ма ву берийн да, сан кийрахь а ма ду дог. Цхьа кӏант немцоша вийна Ленинградна уллохь. Вукхуьнан а бац тешам. Тӏом – тӏом бу.