Нагахь бархӏ шо хьалха йукъ-йукъара лоьцуш бӏе эзарнаш нах хӏаллакбеш хиллехь, хӏинца дийнна халкъашна тӏехь таӏзарш дан долийна. Цхьана дийнахь – миллионашна. Царна йукъахь бу зударий, бераш, къена нах. Партина, халкъана, даймахкана даккхий гӏуллакхаш дина нах а. Граждански а, хӏокху тӏеман а турпалхой а. Дийнна и халкъаш даймахкана йамарт хилла бохуш, уьш бехдеш эладита леладо НКВД-н белхалоша. Амма оцу халкъийн бехках, царна тӏехь йиначу кхелах лаьцна цхьа а дош ца аьлла прессо а, ца йаздо литературехь а.
«Хӏун ду-те хуьлуш дерг? – хоьттура цо шега. – Хӏинца со теша ткъе вуьрхӏитталгӏачу шарахь хӏаллакбина нах берриге а бехке хилла цахиларх. Ткъа махках даьхна халкъаш бехке ду бохург-м аьттехьа а дац. Империалистийн агентурин куьйгашца лелийна гӏуллакхаш ду-те уьш дерриге а? Уьш-м даим бу советийн махкана дуьхьал тӏамна кечлуш, цунна цергаш хьекхош. Шаьш тӏом болабале, шайн разведкин гӏоьнца партин, советийн, къаьсттина а тӏеман деятельш хӏаллакбина-те цара? Блюхер, Тухачевский, Якир, Уборович, Корка, Эйдеман, Фельдман, Примаков, Дыбенко. Кхин мел дукха бу уьш. Амма муха кхаьчна церан уьш хӏаллакбан ницкъ? Схьахетарехь, империализман разведкин аьтто нисбелла хир бу партийни, тӏеман, НКВД-н лакхарчу куьйгалле балха тасабала. Ткъа Сталинна хууш хилла хир дац и нах бехке цахилар. Харцонна дуьхьал йаздина аьрзнаш, сигналаш цунна тӏе кхочуьйтуш хилла хир йац. Ма-йоьлххура уьш баккъал а болчу халкъан мостагӏийн карайоьлхуш хилла хир йу, ткъа цара, уьш хӏаллак а йой, Сталинна хьалха харц материалаш хӏиттош хилла хир йу. Ткъа Сталин царах теша ма веза. Массанхьа массарна а тӏекхиъна вер ма вац иза…»
Николай Кузьмич, доккха са а даьккхина, хьала а гӏеттина, коре вахара. Тӏедоьлху догӏа жимма лагӏделлера. Малхбале айъайала гӏерташ гора. Генабоццуш басахула чу кешнашкара охьабогӏучу гӏашлойн некъа меллаша охьавогӏура цхьа воккха стаг. Иза ӏабдул-ӏаьзам ву. Ша балхара цӏа вогӏуш и серий цо хӏунда кхоьхьу а хаьара Николай Кузьмична. Цо дина тускар ду Мария Петровнин дукха хьомсара лелош. Совгӏатна Николай Кузьмична а белла цо ша бина нохчийн ӏайг. Говза куьйгаш а, хьекъале корта а, къонахаллех дуьзна цӏена дог а, оьзда дегӏ а ду воккхачу стеган.