Хӏун дийр ду цо? Хьан хьостур ду цуьнан доьхна дог? Цуьнан-х да-нана, йиша-ваша а дац.
Занус, ша йолччу охьа а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, дагна маршо йелира.
– Хьо хӏунда йоьлху? – воьхна хьаьвзира Маил. – Йа со дийна цӏаверзар хаза ца хета хьуна?
– Маил… Хьуна и лазам болучул, со йеллехьара… Ас хӏун де хьуна?…
Зану йоьлхура. Цуьнан дог хьааре ладоьгӏуш, вист ца хуьлуш цхьа хан йаллалц ӏийра Маил.
– Уьш ма дийцалахь, Зану, – элира цо эххар. – Тӏом – тӏом бу. Цигахь чов хуьлу, вала а ле. Суна цхьанна хилла ца ӏа хӏара лазам. Миллионаш байъина, бойъуш бу. Миллионаш, со санна, заьӏап хилла, хир болуш а бу. Ткъа сан ност а, сан са а хӏун йу? Со хӏаллакьхуьлуш, чекхбаьлла хили белара хӏара къиза тӏом.
Муха йолу а ца хууш, сиха чекхйелира гуьйренан и йеха буьйса. Цул тӏаьхьа ши бутт баьлча, Маиле йахара Зану. Йеххачу хенахь дӏатесна лаьттина цуьнан ков-керт цӏинйира Занун тӏаламечу куьйгаша. Керла бахам вовшахтухуш цаьршинна гӏо дира доттагӏаша а, Занун дас-нанас а. Цаьршинна-м эша а ца оьшура и бахам. Шаьшшиъ цхьаьна хилчхьана, дерриге а дуьне шайн долуш санна хетара. Моьттура, ирс шаьшшиннан карахь ду, шайна цкъа а, цхьа а тайпа сингаттам, бохам а хир бац. Амма, стага ца лехарх, ца бехарх, ла ца дегӏарх, иза ша тӏекхочуш хиллера. Иза кхечира, цушиннна кхаьчна ца ӏаш, дерриге а халкъана.
…Цӏемза, шийла 1944-чу шеран февралан ткъе кхоалгӏа де. И доьхна деана кхаарин де. Хиндерг массарна а къайлехь лаьтташ бина и беха цхьана беттан некъ. Генахь бисина Даймохк. Мичахь бу а, дийна бу – бац а ца хаьа маьӏ-маьӏӏе дӏасабаржийна гергарниш, йуьртахой.
Маилан хеназа кхалхар…
Легашка хорам хӏоьттинчу Занус йуьхь тӏера йургӏа дӏатесира.
– Маил… Кхин гур вац-кх суна хьо…Кхин гур вац-кха… Дех-ненах, йиша-вешех хилларг а ца хаьа… Массарех хаьдда, цхьа йиси-кх со…