Кху чуьра оха арайаьккхича тӏе йаха меттиг а бац хьан. Хьайн нах мичахь бу а, дийна бу бац а ца хаьа хьуна. Цхьаммо а, къахетта, тӏелоцур ала меттиг а бац хьан. Хӏора а воллу шен дегӏ хене ца даккхалуш.
Мел леррина ладегӏарх, хӏинца Зануна ца хезара марвашас дуьйцург. Хӏинцале а цунна ша оцу шен йургӏанан тӏелхигца, чуйаха хӏусам а йоцуш, йерзинчу стигланна кӏел цхьанхьа йоьжна ӏуьллуш гора.
– Ас хӏун дан деза, со мича йаха йеза?! – шен бертаза узарца мохь белира цуьнан.
– Кӏелхьарйала цхьа некъ бу хьуна, Зану. Хьо соьга йерза йеза…
Шен дегӏа тӏе кхехкаш долу хи тоьхча санна, йагийна, шен хьаьжа тӏе диллина Асвадан куьг дӏа а кхуссуш, метта кӏегар охьахиира Зану. Цкъа а ца хилча санна, тӏепаза йайра дегӏа тӏера хорша. Мацалла гӏелйина овкъаран баса йирзина оза йуьхь, даӏ санна, цӏиййелла йогура. Цунна гора, мокха цергаш гучу а йаьхна, цхьа кӏанцӏар жӏаьла санна, къежаш, шега хьоьжу Асвад, цуьнан эхь дайна стешха ши бӏаьрг а.
Зану шена тӏекхета йоллуш санна хетаделла, Асвад шершина йухахилира. Амма зудчун дагахь кхин дара. Оцу йоццачу йукъана цуьнан бӏаьргашна хьалхахула хьийзаш чекхдийлира и тӏаьххьара масех шо. Школан шераш… шен а, Маилан а безам… иза фронте вахар, цуьнга ладоьгӏуш, цунна бохам хиларна кхоьруш, и цӏа верзаре сатуьйсуш, кийра ша боьллича санна, ша текхна ши шо; ност йоцуш иза цӏаверзар… Асет йолчохь шаьш цхьаьнакхетар, цуьнга маре йахар; цӏера даьхна де а, малхбале цхьана беттан некъ а… везарг кхалхар… Маил веллачул тӏаьхьа, зуда цӏера масазза йолу,
Асвада шен йина терго…
– Асвад! – дегочу озаца дуьххьара цуьнан цӏе йаьккхира Занус. – Хьо ма-варра ца вевзаш, таханналц кху хьан тхов кӏел буьйсанаш йаьхна ас. Кху керта йогӏучу дийнахь йелла хилла йелара со. Иэхь ца хета хьуна сан йуьхьа дуьхьал хьажа? Сан цӏийнда-х хьан ден шичин кӏант, хьан ваша вара. Цуьнан коша тӏе доьттина хи а ца дакъаделла. Хьуна со мила йу моьттура?
Асвада шен йолу-йоцу майралла тӏегулйира.
– Сацайе и хьайн муцӏар! – тӏечевхира иза Зануна.