ӏуьйренца гӏоттучу малхана йоьлуш,
Жима йоӏ Малика хьоьжура ирх!
Бацалахь тхи дожош, берзина когаш,
Хьаьрсачу месашлахь баьццара ши бӏаьрг.
ӏуьйрене маршалла делира йоӏа,
Куьйг ластош, хьаьстира марханан кӏуж.
Хелха а йолура, уьйтӏахь голоццуш,
Зарзарах тера цо лекхира йиш.
Уггар а гергара цу йоьӏан йара,
Къаналле кхевдина ден нана цхьаъ.
Ден нанна езара йоӏана чӏогӏа,
Бабина езара шен кӏентан йоӏ!
Бабица ловзура зезагийн уьйтӏахь,
Эсала хьоьстура денанас йоӏ.
Ирс дара цу кертахь самукъне дехаш,
Безамо кхоьллина дара и ирс.
Наггахь ткъа хуьлу-кха – ирс долчу керта
Хьаьвзаш и оьгӏазе шайтӏанан мох.
Бабин цу ков-кертана тӏехула хьаьвзи
Кхоьлина, ӏаржйелла марханан чалх!
ӏаьржачу мархашна йуккъара къерзаш,
Лахене хоьжура ира ши бӏаьрг.
Шуьйрачу тӏемашца дора цо нека,
Бух боцчу цу стиглахь кхозура и!
Зезагийн цу уьйтӏахь Малика ловзуш,
Хьоьжура, хьоьгура, тебара и!
И шуьйра тӏам болу, и ӏаьржа аьрзу,
Собар а кхачийна доьссира чу.
Мох хилла хьаьвзира зезагийн уьйтӏа,
Мискачу цу йоӏах туьйхира ка!
Малика айъира мархашна йуккъе,
Йадийна йаьхьира шен лома тӏе.
Ша стиглах гӏоьртина лаьттачу ломахь,
Дӏалоцуш ламанан ира и бохь.
ӏаьржачу цу аьрзун бен бара кхозуш,
Бена чохь ӏаш вара аьрзунан кӏант.
- Хьажал, кӏант, хьайн дадас деъна и совгӏат,
Мел дика тайниг йу и хаза йоӏ!
Со лела вахача, ахь йо-кха гӏовгӏа,
И лаьмнаш декадеш, века-кха хьо!
Хӏинца йу ловзайан и тайниг хьуна,
Сан кӏант, хьо ма велха, ма хьекха мохь!
Тайнигца ловза хьо, дадига хьоьжуш,
Кестта хьо хьо хир ву – кху бенан да.
Шен дадех тера ву ӏаьржа кӏант, тешна.
Дадичух тера йу хьаьвзина зӏок.
Тайнигах самукъадаьлла цу кӏентан,
Малика лоза йарах тидам ца бо!
- Дада! И тайниг ас дӏакхалла мегий,
Мел мерза хила мега и тайниг-йоӏ!
Хьажахьа, ва дада, и охьаоьгу,
Ас караэций и? Ас тохий зӏок?
Малика йоьлхура, къинхетам боьхуш:
«Аьрзулиг, ахь хьийза ма ехьа со!
Аьрзулиг! Ма тохахьа зӏок суна!» - бохуш,
Йелхаран къурдаш деш, доьхура цо.
- Самукъадаккха сан, сан тайниг-совгӏат!
Ас тӏаккха тухур йац хьох ира зӏок!
Ткъа аса садоӏур сайн бенахь паргӏат,
Хьо хелха йолушшехь, локхушшехь йиш.
Зезагийн уьйтӏара оьгӏазе Баба
Хьаьжира стенгахь бу аьрзунан бен!
Шен йоккха гӏаж буйнахь елира ара,
Чуха а оьллира цо коча шен.
Ворхӏ ломана дехьара аьрзунан лома
Дӏайолайелира, боккхуш сиха ког:
- Аьрзу, хьо даларах шуьйрачу тӏома,
Бабас хьан сихонца бийр бу-кха болх!
И майра Баба ма елира дехьа,
Буьтуш шен букътӏехьа цхьа лекха лам.
Шина ломана, кхаа а ломана, беа ломана тӏехьа
Тилира сихонца, гӏаттайеш чан!
Пхилам а бисира бабина тӏехьа,
Йалхалгӏачу ломах и тилира тӏех!
Эххар а ворхӏ ломал иккхира дехьа
Дог майра и Баба, оьгӏазло еш:
- Аьрзу, хьо ларлолахь, йогӏуш йу Баба,
Аьрзу, хьо ларлолахь, йахьаш йу гӏаж!
Аьрзу, хьо кӏантаца дӏайадий йала,
Дог майрачу цу Бабас маддер хьан хаьж!
Чуханца боьхкур бу Бабас шун когаш,
Гали чу доьхкина, дӏахьур ду шу!
Дӏо бун чу йоьхкинч укотамийн санна,
Бабас шун беха и тӏам бацбийр бу!
Ца тийшира и аьрзуш-ам, кхечира Баба,
Аьрзун цу уккал чу кхийтира гӏаж!
Когаш а бихкира: «Гали чу дала!» -
Олуш, цо гайтира шен буьрса гӏаж.
Маликас шен Баба къевлира мара,
Аьрзун цу кӏорнина дов дира цо.
Аьрзун цу бен чуьра елира ара,
Малика бабица – шу маьрша гӏо!
Буьн чохь ду аьрзуш-ам котамийн метта,
Кест-кеста дагайогӏу аьрзушна гӏаж!
Буьн тӏехула къаьрззина седарчий летта,
Зезагийн и уьйтӏе батто йина маж!
Зезагийн цу уьйтӏахь йоӏ хелхайолу,
Зезагийн цу уьйтӏахь йишалокху цо!
Баба а йоӏаца ловзарен йолу,
Наггахьа шорбо цо хелхаран го!