— Хьажал! И кхела хилла меттиг гой хьуна? Муха ца го, оццул доккха ор ца гойла дац! Дикка хьовсал! – шен бага дехьий-сехьий ши пӏелг а боьллина дӏаса ийзайора Чодас.
Дикка хан йара иза накъосташца Шидиций, Айдиций шен селхана лоьро кхела дӏайаьккхина меттиг гойтуш волу.
— Ма дийцахь хабарш, хьо-м тхо ледан гӏерта! Кхела дӏайаьккхина меттиг-м дикка гуш хилан йеза! – ца тешара Чодех Айда.
— Кхин цкъа а хьажийтахь, Чода, — дийхира Шидас.
— Ца хьожийту! Аша-м сох аьшпийн лежиг ма йина! – шен, хӏинццалца доккха ков санна йиллина хилла бага, догӏа тоьхча санна, къевлира Чодас.
— Ас-м ца вина хьох аьшпийн кӏур, и Айда ву-кх хьох ца тешарг! Со хьажийтахь, Айда а ца хьожийтуш, — доьхура Шидас.
— Со-м аша шиммо а хьажа бохуш дехарш дича а вац цуьнан аьшпашка ладогӏан реза, — шечунна тӏера ца волура Айда.
— Гой хьуна! – резавоцуш шен цхьа куьг Айда волчу агӏора хьежадора Чодас, шолгӏаниг-м бетана тӏедиллина дара цуьнан.
— Хьайна хьажа ца лаахь, хьажа лууш волчунна новкъарло ма йехьа, Айда! – дегабаам бен сурт хӏоттийра хӏинца Шидас а.
— Хьайна лаахь, сарралца а хьежахь! Амма кхела йаьккхина ор-м карор дац хьуна оцу аьшпан лежигна багахь! – олуш букъберзийна дӏаволавелира Айда.
— Хьо а гӏо оцунна тӏаьхьа! Суна кхин шуьца доттагӏалла лелон а ца лаьа! – кхин а оьгӏазвахара Чода.
— Ой, аса хӏун дина хьуна? Со йуьхьанца дуьӏна ма ву хьох тешаш. Хӏинца суна сайна мукъана а гайтахь, Чода! – дийхира кӏанта.
— Дика ду делахь! Хьажал! – олуш хьалхачул а доккха схьадиллира шен бага олуш долу ков Чодас.
Ткъа Шидина хинца а билгала ца йолура, багара кхелайаьккхина меттиг. Дукха кӏорга ӏаьржачохь йаьккхина хила йезара и кхела.
— Схьабал хьайн пӏелг! – Шидина хӏинца а ца гича, чуьравелира Чода.
Шидин пӏелг шен буйна а лаьцна таӏӏийна шен бага бахийтира цо. Шидина-м хӏинца билгала хааделира шен пӏелгана буьхьиг кхеладӏайаьккхинчу жимачу оьрна чутасалуш. Ор-м жима делахь аШидин пӏелга йуьхьиг татталой чу-м йоьдура цига.
— Дуй ор! – хаьттира Чодас.
— Ду! Ду! – хазахетарца тӏетодира Шидас.