— Де́ра ду-кх и ша́ шатӏулг санна-м, — дере дира кӏанта, Довтина ца хазийта гӏу́ртуш жимма лерге а таьӏаш.
— Тӏехула тӏе даьржина до́гӏуш а ду и, - охьа а таьӏина, куьйгаца хи му́ха ду хьаьжира Мента.
Оцу хе́нахь Довта коч а тӏехулара шортикаш а охьакхийсина, ше́н «кедаш» о́луш йолу ма́чаш-м цо хьалха когара дӏайаьхнера, хьаьдда во́гӏу́ра хина чу эккха. Масий, Ментий дӏа-схьа ве́лира, шайн накъостана некъ паргӏата буьтуш.
— ӏа-а-а! Со шулла хьалха ву-у! – мохь ту́хуш хина чу ши-кхоъ ког баьккхира Довтас, хина бухара тӏулгашна тӏехь жимма гала а во́луш.
И вухавирзича цуьнан хилла йуьхь ма гойла дийначу дегӏна! Шелоно озайина цкъа раз а йаьлла, тӏаккха вукху а́гӏора йирзира. Тӏаккха горгайеллачу багара мохь бе́лира ӏадийча санна. Хин чура вуха хьалаэккха дагахь тохавелла Довта, хина бухахь ше́рачу тӏулгашна тӏехь шарша а шершина, ваьржина хина йистте́ чу вуьйжира. Хина шелоно мерцина кӏант хьалатасаве́лира цкъан «хина кад» а мелла, амма вуха а тӏулгашна тӏехь шершина кхин цкъа а вуха хин чу вуьйжира «кад» а молуш. Масий, Ментий воьлуш шайн са а хаьдда лаьттира, амма гӏуллакхаш тиша дуйла а кхетта чу хьаьдира накъостана гӏо дан. Берда йистте́ра куьйгаш дӏакховдийра цу шиммо, амма Довта йахь дӏа ца луш, беълара а хӏоьттина ша́ берда йистте́ схьа а веъна, хина чуьра хьалаве́лира. Сиха тӏекхетта схьаийцира цо ше́н коч, и тӏеозийна а ва́лале тӏекхийтира шортикашна а. Уохьа а хиъна хебина, вохвала вуьйлира и малхехь. Масина а, Ментина а эхь хийтира хӏинца-м вела а. Довтийна улло́ охьа а лахвелла и тӏехула куьйгаш а даьхна вохван вуьйлира и шиъ.
— Довта, хьо-м цхьа борз хилла! – хастийра накъост Ментас.
— Де́ра хилла-кх цхьа кӏанта-м! Хӏинца-м хьолла а хьалха хӏокху шарахь Мартана чохь лийчина стагга а хир вац хьу́на! – хастийра шайн накъост Масас а.
Дикка ӏийра Довта метта ца во́гӏуш, амма йахь дӏа ца луш дукха чӏениг эга ца йалийта гӏертара и. Ша́ жимма метта веъча, ше́н накъосташка а хаьжина, хаьттира Довтас:
— Шу шиъ ца луьчу? Шу шиъ ца лийчахь, бешара баьллаш йаан доьлхий вай?