Хӏара хилла ца хилла цхьанна а ца хаьа. Хьалхале́рачу за́ман чохь цхьа воккха стаг хилла, бо́ху, ба́зарара говр-вордан тӏехь цӏа во́гӏуш. Ша эцна совгӏаташ вордан тӏе а дехкина, тӏоьхула цӏеста кӏудал йиллина хилла цо. Де суьйренгахьа лестира. Воккхачу стага шед тоьхна, говр сихйира. Дӏасатохайеллачу вордан тӏера кӏудал шершшина охьайахара. Воккха стаг говр-вордан тӏехь дӏавахара, ткъа кӏудал некъа йистехь йисира.
— Тӏохъаьлла, сан цӏийнах кхеттарг хӏун йу-те, — аьлла, а́раиккхира зингат.
А́раиккхича, цунна ӏуьллуш цӏеста кӏудал гира.
— Ва-да́-дай! — гонах хьоьвзира зингат. — Хӏара ма хаза бӏов йу-у-у! Кхунах сайна цӏа дан деза аса!
И а аьлла, зингат шен керла цӏа дӏанисда доладелла. Кегий тӏулгаш а гулдин, зингато уьш кӏудална кӏел дохкура, и чӏагӏйеш. Кӏаддйелла, ша бинчу балхана ре́за хилла, садаӏа охьахиира зингат, ге́на боццуш, цхьана тӏулга тӏехь малхехь ӏуьллу моьлкъа самабаьлла.
Дӏахьаьжча, цунна хӏинццалц кхузахь шена цкъа а ца гина, кӏудал-бӏов ги.
— Ва-да́-дай! И ма хаза бӏов йу-у-у! Хьажа беза со, цу чохь цхьа а ӏаш ву-вац! — аьлла, сиха бедда бахана и, кӏудал-бӏов йолчу.
— Хӏей, цхьа а вуй кӏудал-бӏов чохь ве́хаш-ӏаш?! — мохь тоьхна моьлкъано. Ге́на доццуш ӏачу зингато, лергаш дӏа а къовлуш, аьлла:
— Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх кӏудал-бӏов чохь ӏаш. Чу бола, цхьаьна ӏийр ду вай.
Хӏара шиъ шитта бертахь де́хаш-ӏаш, дукха йа кӏезиг хан-за́ма йаьлла. Цхьана дийнахь кхиссалуш йогӏучу пхьидана шена кхузахь цкъа а ца гина кӏудал-бӏов ги.
— Вакъ-вакъ, вакъакъи-вакъ! Хӏара ма хаза бӏов йу-у-у! хьажа йеза со, цу чохь цхьа a ӏaш ву-вац! — аьлла, кхeос-кхeоссалуш, кӏудал-бӏов йолчу дӏакхечи пхьид.
— Хӏей, цхьа а вуй кӏудал-бӏов чохь ве́хаш-ӏaш?! — мохь тоьхна пхьидeо. Сихха а́раикхкхира зингат. Цунна тӏаьхьхье гучубе́лира моьлкъа.
— Мохь стенна хьоькху ахьа! Со, зингат, ду-кх кху чохь ӏаш, — э́лира зингато.
— Со, моьлкъа а бу-кх кху чохь ӏaш, — э́лира моьлкъано. — Схьа чуйола, цхьаьна ӏийр ду вай!
Кхос-кхоссалуш чуйе́лира пхьид. Хӏара кхоъ шитта бертахь де́хаш-ӏаш, дукха йа кӏезиг хан-за́ма йаьлла.