Цхьана ден цхьа кӏант хилла. Ша вокхкха хилча, хаытина цо шен дега:
— И дӏо гуш ерш, хӏун гӏаланаш йу? — аьлла.
— Царна чохь бехаш ворхӏ ваша, наьрт-орстхой бу, — аьлла дас.
— Цаьрца хьуьнар къовса воьду со, — аьлла, шен зилбухӏаран тур а эцна, араваьлла кӏант.
Воьдуш-воьдуш, дукха-кӏезиг хан яьлча, гӏаланаш тӏе кхаьчна кӏант. Наьртийн нанна тосавелла кӏант, цо шен кӏенташка аьлла:
— Цхьа стаг ву схьанехьа гӏерташ.
— Схьахетарехь, иза ницӏкъ болуш стаг ву. Цунна хӏун дан деза вай? — бохуш, дагабуьйлура наьрт-орстхой.
— Вай цунна дуьхьал вешан жӏаьлеш хеца деза: ледара кӏант велахь, цара хӏаллаквийр ву иза, ледара кӏант вацахь, хӏумма а дийр дац, — аьлла нанас.
Наьрт-орстхоша шайн жӏаьлеш тӏехецна кӏантана. Тӏекхоччучунна тур тухуш, жӏаьлеш дайа а дайина, гӏали чу вахана кӏант.
— И стаг чӏогӏа ницкъ болуш ву, вай цунах ваьшна ваша ван веза. И вайца ӏийр ву, —
аьлла, барт бина вежарша, наьрт-орстхоша.
Кӏант чуваьлча, ваша воцчунна ваша хили, аьлла, наьрт-орстхоша, маралехаш, чувигира кӏант. Тӏаккха шайн хаза, оьзда йиша цуьнга а яхийтина, цхьаьна баха охьахоьвшина хӏорш.
Дукха я кӏезиг зама яьлла xlopш иштта хаза, бертахь ӏаш, кӏанта сагаттадеш хилла.
Цхьана дийнахь кӏанта аьлла:
— Суна сайн да-нана газа дукха хан яьлла. Уьш гаре сатесна аса. Царна чӏогӏа сагаттадо аса. Шуна хала ца хетахь, цӏа гlyp вара со, сайн да-нана долчу.
Наьрт-орстхой резахилла кӏант дӏавахийта. Дика кечам а бина, шен нускалца вордан тӏе а хаийна, новкъа ваьккхина наьрт-орстхоша шайн нуц.
— Шу дӏадоьлхучу навкъахь, цхьана готтачу гечо тӏехь, дуьхьал куьзга лоцур ду шуна.
Аша кхера а ца кхоьруш, лахкий, тӏехлелхийталаш говраш. Нагахь санна шу кхералахь, бухарчу дуьнен чу гlyp ду шу, — аьлла наьрт-орстхоша.
Дӏаоьхуш-оьхуш, гечо тӏе кхаьчна кӏант а, цуьнан нускал а. Царна дуьхьал куьзга лаьцна.
Кӏанта, ца соцуш, говраш дӏалелхийтина, хӏетте а нускал а, говр-ворда а бухарчу дуьнен чу дахана. Кӏант йистах тасавелла, хала а, атта а чу ца воьдуш, висина. Дӏасахьаьжча, геннахь цхьа бун гина цунна. Воьду-у-у-ш, бун тӏе кхаьчна кӏант. Цу чу а вахана, и паргӏатволлушехь, веана кхо стаг чуваьлла.
— Марша вогӏийла хьо! Воцчунна ваша ву-кх хьо, — аьлла, маралилхина хӏорш кӏантана.
— Маршалла хуьлда шуна а! — аьлла, мараикхкхина царна кӏанта. Вовшашна резаболуш, дика доттагӏий хилла царах. Цхьана дийнахь толлуш лелаш, кӏантана цхьана ӏуьргахула лаьтта буха йоьдуш хаза йоӏ гина. И шен нускалх чӏогӏа тера хетта кӏантана. Цӏа веъча, цо шен накъосташка дийцина, шена хаза йоӏ ма гира, цхьана ӏуьргахула лаьтта буха йоьдуш, аьлла. Тӏаккха кхуьнан накъосташа аьлла:
— И йоӏ тхуна гуш йолу дукха хан йу. И бухарчу дуьненахь ехаш йу.
— И йолчу кхачаза, ӏийр ма вац со, — аьлла, тохавелла кӏант.
— Иштта атта дац цу ӏуьрга чу ваха. Чувах-ваханарг, цӏаро вагаво цу чохь, — аьлла накъосташа.
— Цу чу вахаза, йийр ма вац со, хӏуъу а хилча а, — аьлла кӏанта.
— Ца вахча, хьо ӏаш вацахь, цхьаьна гlyp ду вай, — аьлла накъосташа. Иштта барт а хилла, цхьаьна бахана xlopш. Дӏабоьлху-у-ш, дӏакхаьчча, накъосташа аьлла:
— Хьо тхан хьаша ву, хьо хьалха вахийта бакъахьа дац тхуна, тхо гlyp ду хьалха.
ӏ67Шен дегӏах муш а бихкина, цхьаъ ӏуьрга чу вахана, ша вогу, аьлла, мохь тоьхча, хьалавакхкхалаш, аьлла. ӏуьрга чу воьдуш, цхьа хан яьллачу хенахь, мохь баьлла: вогу, вогу, — аьлла. оззийна хьалаваькхкхина доттагӏаша и. Тӏаккха шолгӏачо аьлла:
— Хӏинца со гlyp ву ӏуьрга чу, аса вогу, аьлча, хьалавакхкхалаш со.
Муш а лаьцна, лаьтта буха охьавоьдуш, цӏеххьана тоьхначу цӏаро вагош, тоха са а ца хилла, мохь тоьхна цо:
— Вогу, вогу! — аьлла.
Оззийна, хьалаваькхкхина доттагӏаша иза а. Тӏаккха майрачу кӏанта аьлла:
— Хӏинца со гlyp ву ӏуьрга чу, аса вогу, аьлла, мохь тоьхча, со хьала а ца воккхуш, мелхо а хецций чувахийталаш со.
Цо ма бохху, дина доттагӏаша. Кӏанта вогу ша, аьлла, мохь тоьхча, муш мал а бина, хецна чувахийтина цара кӏант. Дар-дараппъаьлла, бухарчу дуьнена кхаьчна кӏант.
Хьалаикхкхина, дӏасахьаьжча, гобаькхкхина дашо бос лепаш гӏаланаш хилла. Чохь дӏахӏиттийна шаннаш тӏехь даарш-маларш хилла, царна гонах ӏаш хаза кхо йоӏ хилла.
Царна тӏе а вахана, кӏанта маршалла хаьттина. Ши йоӏ кхунна маракхетта, ткъа кхоалгӏаниг, дехьа а йаьлла, эхь хеташ, сецна. И кӏентан нускал хилла. Кӏанта ша лакхарчу дуьненара веъна, аьлла, дийцира.
— Дуьло, цхьаьна лакхарчу дуьнена хьаладоьвр ду вай! — аьлла кӏанта. Кхо йоӏ резахилла. Ша буха а соцуш, цаьрга хьаладовла, аьлла, кӏанта.
Мехкарий реза ца хилла.
— Хьо хьалха вала веза лакха тӏе. Тхо хьан накъостех ца теша, тхо хьаладоьвлча, тхох ӏеха а белла, цара хьуна ямартло йийр ю, хьо хьалавоккхур вац цара!
Цецваьлла кӏант цара аьллачух.
— Суна дика боьвза сайн накъостий, цара цкъа а бийр бац суна тешнабехк. Шу буха а дитина, со хьалавер вац, — аьлла кГанта.
Цхьацца йоккхуьйтуш, кхоь а йоӏ хьалайакхкхийтина кӏанта, тӏаккха, ша а хьалаваккха, аьлла, муш озийна. Мехкарийн хазалло ӏехийна накъостий, цецбоьвлла лаытара. Метта баьхкича, кӏант хьала а ца воккхуш, муш чухецна цара.
Шолгӏа дуьне а хадош, кхоалгӏачу дуьнена кхаьчна кӏант. Сиха хьалаиккхина, дӏасахьаьжна и. Геннахь гуш цхьа серло хилла. Цу агlop воьду-у-уш, цхьана юьрта кхаьчна кӏант. Йогӏуш цхьа йоккха стаг дуьхьалкхетта кхунна. Цуьнга хьал-де хаьттина кӏанта. Йоккхачу стага, шаьш хьийзош цхьа боккха саьрмик бу, цо мала хи схьаэца ца дуьту юьртара адамаш, аьлла, дийцина.
Йоккха стаг хьаьстина, кӏанта аьлла:
— Са а ца гаттадеш, хьайн цӏа гlo хьо, аса бийр бу хьуна саьрмикан болх!
И а аьлла, кӏант саьрмик болчу вахана. Бахбелла, хин коьртана гонах а хьаьрчина, багара цӏе а етташ, бӏаьргаш чуьра суйнаш детташ, ӏуьллуш бара саьрмик. Майра кӏант шена ма гиннехь, стигал-латта датӏош шок тоьхна, ши аьрша хиллал мотт арабаькхкхина, цунна чухьаьдда саьрмик. Тур каде схьадаькхкхина, дуьхьалваьлла кӏант. Ластийна, тур тоьхна, саьрмикан маттах ши дакъа дина кӏанта. Чоьвно лазийна, бӏагор баийтина, дарбелла, цӏогана тӏе ирахӏоытина, цӏе етташ, юха а чукхоссабелла саьрмик кӏантана.
— Я лер, я вуьсур, юха-м вер вац! — аьлла, мохь а тоьхна, тур куьйга ловзош, тоьхна- тоьхна, исс дакъа а дина, охьабиллина цо саьрмик. Тӏаккха йоккха стаг йолчу а вахана, аьлла кӏанта:
— Аса цу саьрмикан ворхӏе а са даькхкхи, даха шайна хӏинца маьрша! Йоккхачу стага кӏант дӏа ца вохуьйтуш, шеца ӏен ваха сацийна. ӏаш-веха-а- аш хан-зама ялча, шен дений, нанний сагаттада волавелла кӏант. Тӏаккха йоккхачу стаге дехар дина цо:
— Чӏогӏа сайн дений, нанний сагаттадо аса, уьш болчу гlyp вара со, лакхарчу дуьнен тӏе вала некъ хьехахьа суна, — аьлла.
Йоккха стаг, кӏанта шена а, юьртана а динчу диканна дуьхьал, ша хӏун дийр дара-техьа, бохуш, саготта яра. Цундела, кӏанта и дехар дича, чӏогӏа хазахийтира цунна.
ӏ68— Хьуна а ца хьехна, хьанна хьоьхур бара аса и некъ. Со-м айса хьуна хӏун дика дийр ду ца хууш яра. Дӏогахула тӏеболуш цхьа некъ бу. Цу новкъахь кхо ка хир бу хьуна: цхьаъ- ӏаьржа, важа-кӏайн, важа-сира. Царах кӏайчух хьан куьг кхетахь, цо хьо лакхарчу дуьнена тӏе воккхур ву, вукхарах хьан куьг кхетахь, кхин а бухарчу дуьнена гlyp ву хьо, — аьлла йоккхачу стага.
Йоккхачу стеган ӏодика а йина, новкъа ваьлла кӏант. Воьд-воьд-у-уш, лакхарчу дуьнена тӏе болучу некъа тӏе кхаьчна xlapa. Мичара болу ца хууш, кхо ка дуьхьалбаьлла кхунна.
Каде царна йуккъехула иккхина, кӏайчух куьг тоьхна кӏанта. Цо вадийна лакхарчу дуьнена ваьккхина майра кӏант. Воьд-воьду-у-уш, цхьа стаг гина кхунна, кӏайчу пхьагална тӏаьхьа ваьлла. Дуьхьал а иккхина, мийра тоьхна, пхьагал йийна кӏанта.
— ӏалелай-вададай, и хӏунда дин ахьа! — аьлла, тӏетасавелла кхунна стаг.
— Хьуна айса гӏуллакх до моьттуш ма дира аса и, — аьлла, бехкала вахара кӏант, — суна и пхьагал оьшуш ма яцара. Хьо ма чӏогӏа холчухӏоьттина, хӏун хилла хьуна?
— Пхьагал оьшуш-м со а вацара, — жоп делла стага. — Дукха хенахь дуьйна сайн вайна кӏант лоьхуш вара со. Цхьана стага аьллера соьга, аса кӏайн пхьагал схьалацахь, суна сайн кӏант карор ву. Хӏинций-хӏинций айса и схьалоцу, бохуш, са бага а кхаьчна, хьуьхьа а воьлла, вогӏуш вара со! Сайна кӏант карийна вели, моьттуш вара со. Сох къа ца хета хьуна? Кӏант карочух ваьккхи ахьа со, — бохуш, гӏайгӏане ваханера стаг.
Шен да воьвзина кӏантана.
— Со ву хьан кӏант! Хьуна хьайн кӏант карийна-кх! — аьлла, мараиккхира кӏант дена.
Тӏаккха, дукха хазахеташ, цӏа вахана и шиъ. Юьртахь кӏантана ямарт хилла накъостий ловзар деш хилла, мехкарий шайна а балош, ерриге а юрт а гулйина. Дай, кӏанттий дӏакхаьчча, кхо йоӏана кӏант воьвзина. Цара юьртан тхьамданашка дерриге а ма дарра дӏадийцина. Цара кхел йина, ямарт хилла кӏентий юьртара арабаха.
Тӏаккха кхаа йоӏах цхьаъ кӏантана тӏе еъна.
— Дукха хан-зама йоьлла, со говр-ворданца бухарчу дуьнена яхана, со наьрт-орстхойн йиша йу. Хьох эхь-бехк дала лорийла, хьайна со хӏинца а езахь, хьайн зуда а яй, дӏайигахьа со, — эхь хеташ, юьхь тӏе коьртара йовлакх ийзош, хала элира йоӏа.
Цец ца велира кӏант, цо аьллачух. Цунна ша бухарчу дуьнена ма воьссина, кхо йоӏ гушшехь, дӏайирзинарг, шен нускал дуйла хиира. Амма къонахчо шен дагахь дерг, нах болчохь ца дуьйцу дела вист ца хилира и. Шен нускал гергарчаьрга дӏадигийтина, юьртахь цӏе яххана волчу шина кӏантана важа ши йоӏ йигна майрачу кӏанта. Кхаа дийнахь, кхаа бусий той-ловзар а дина, кхо кӏант ваха хаийна юьртахоша.
Къона-къанбаллалц хаза бертахь, вовшашна тешаме болуш, юьртахошна муьтӏахь болуш, гӏийлачунна гlo деш, ницкъ бечунна дуьхьало еш, тӏаьхьарчу тӏаьхьенна а дийца хӏума дуьтуш, баьхна доттагӏий.
Ма лойла вай, кӏентий, вовшех тешам байна!