Туьйлигчуьра, могӏа а нисбина, арадуьйлуш, лаха охьаоьхуш дара зингаташ. Цӏийбелла малх хьалакъеддера, цундела зингаташ-иччархой сихонца новкъабовлуш бара. Малх суьйренга гӏортталц лелара уьш, адамашна гондхьаа инзаре лекха хьаннаш санна, шайна йаккхий хетачу бецашна, йарашна йуккъехула. Иччархоша туьйлиг чу баккхийчарна а, кегийчарна а, йелла арахь йисина чуьрк йохьий а, мелла а шайла и онда белахь а, белла йа лазийна моза бохьий а, цхьа ижу цӏа йохьура. Таллархоша. Мел генара а аре толлий, лахьадой, цхьацца даамегаш долу хӏуш а, цӏазамах доккхий дакъа а, мангал-комаран буьртиг а – ца йохьуш хӏума ца йуьсура. Иччархой туьйлигах уггаре а онданаш хоржий хуьлура. Тӏекхуьуш долу чкъор, кегий зингатий а, хьуьлура, шадерш бохург санна. Царех тардала гӏерташ а, даккхий хилча цаьрца цхьана могӏаре хӏитта лууш а.
Чонга цӏе йолу кхиина догӏу жима стаг-зингат. Царех хьоьгуш, тӏаьхьа хьоьжура иччархошна хӏора ӏуьйранна. «Хьуна хӏинца а хьалхе ду Чонга! Хьан хан а кестта тӏекхочур йу, кӏеззиг сатоха», - олура цуьнга туьйлиган баьччас. Ткъа мел хала дара Чонгин жимачу дагна сатоха. Цунна гӏенах а тӏехь гора шех иччархо хилла, ша лаьцна массарел а йоккха чуьрк йохьуш, ша цӏа догӏучу хенахь. Тахана а, садаьржинчу хенахь. Чонга иччархошца араиккхинера, шен талла даха дезаш санна. Дукха лаьттира иза, даккхий синош а дохуш, бецашлахь къайладуьйлучу иччархойн тобанашка а хьоьжуш. Цкъа-м, ша хӏун леладо а ца хууш, царна тӏаьхьадоладелира Чонга, амма генна дехьолаьттачу шен къеначу дадас човхийча, йухадерза дийзира цуьнан. Делахь а, иччархой новкъабаха тӏаьхьабевллачаьрца шен дада гича, Чонга саца ца делира. Цхьажимма дехьа а даьла, иччархоша хӏун до а хьаьжна, туьйлиге йухадоьрзура ду ша аьлла, тӏаьхьадоладелира иза царна. Иччархошна ша гарна кхоьруш, кест-кеста бецан гӏашлахь хьуллуш, тӏаьхьаоьхура иза. Чонгин ойла дӏалаьцнера некъо. Сиха дицделира цунна ша цӏехьа дерза дезаш хилар а. Иза дукха гена даьллера туьйлигна. Чонга иччархойх хьулделла ӏашшехь, уьш а къайлабевлира кеста. Дикка доьхна хьийзара Чонга хӏинца.