Цхьана буса йоккхачу бабин когашкахь вижина ӏуьллуш волу кӏант самаваьккхира бабас. Шен куьйгашна тӏе хьала а айбина и кхечу чу вехьара, маьнги тӏе охьавиллира. «Йоккха баба кхелхина вайн, хьо кхузахь дӏавижа», — элира бабас кӏентан лерга. Сайдӏали-м дикка самаваланза волуш бабас дуьйцург кхин тидаме эцан эс долуш а вацара. ӏуьйрана кӏант самаваьлча, церан чохь а, арахь дукха адамаш дара, суркуйнаш а долуш баккхийн нах а бара, кортлиш а техкина белхарш деш цхьана чохь гулбелла кегийра а, баккхийн а зударий а бара. Ши-кхо де дӏаделира кертара нах дӏаса ца бухуш, амма цӏаьххьана уьш цхьа барт бича санна шайн-шайн цӏа дӏасабахара. Сайдӏали-м радиух хӏун хилла ца хууш чӏогӏа дог доьхна вара. Амма паднарна тӏехь шена и гича, хӏара дерриг а дуьне шен ду тарделла висинера и. Хӏинца шена ма луъу цуьнга ладогӏа йиш йолуш вара и. Кӏанте хӏума олуш стагга а вацара. Делахь а дукха гена ца делира кӏентан самукъадалар, Ахьмадас ши-кхо де даьлча веъна дӏайехьира шен радиу. Шена балхатӏехь чӏогӏа оьшуш йу и бохура цо, бехказа волуш. Кхин а масех де даьлча, Сайдӏали арахь берашца ловзуш воллуш геннахь цӏайогӏуш шен нана гира цунна. Цуьнан карахь цхьана кехатан йаьшки чохь цхьа хӏума а йара. Кӏант берашца ловзар а дитина, шен нанна дуьхьала хьаьдира. Мара а иккхина, ненан куьг а лоцуш улло ваьлла схьаволавелира и. Амма цуьнан са ненан вукху куьйган тӏемакӏелахь йоллучу кехатан йаьшкина тӏехь дара.
— Нана, и хӏун йу? — хаьттира цо кхин собар а ца тоьъна.
— Дера йу хӏара аса хьуний, бабиний туькнара эцна йохьуш радиу, — йелалуш элира нанас.
— Муха… радиу! Суна гайтахь, нана! – цецваларца дийхира кӏанта.
— Жимма собар де, хӏинцца чукхочур ду вай, тӏаккха хьайна ма луъу хьоьжур ву хьо, хьайна лаахь дийнахь сарралца а, — шен хазахетар къайла ца дахьалуш элира нанас.