— И хӏун саьрмак бу, баба? – буьйсана шена бабас инзарен туьйра дуьйцуш санна хебира жима кӏант.
— Дера ву и дожал вайниг санна кегийра къаьмнаш хӏаллакдина, къизаллехь латтийна и шен чуьра са дӏадаллалц. Хьан ненада а воккха хилла итт-шийтта шо хир долуш хьан шиъ ненаваша а дӏакхаьллира цо, — бӏаьргех къорзачу йовлакхан тӏам хьаькхира йоккхачу стага.
Кӏантана дуьххьара хезаш дацара бабас шаьш цӏера арадаьхначу хенахь дерриг а къамо лайна ӏазап, къизалла. Амма хӏинцца бен ца аьллера бабас оцу ӏазапна куьг бехкенарг «Советан ӏедал» а цунна коьртехь лаьттина дожал а вуй. Бабех къахетта цуьнан куьгайуххе таьӏина ша хьалакхоччу меттиг маракъевлира кӏанта:
— Баба, и тарахтар санна со воккха хилчхьана, аса кхин бойтура бац оцу дожале нахана кхин цкъа а ницкъа. Ас бийр бу хьуна оцу дожалан болх-м! – шен жима буй гайтира жимчу кӏанта буьрсачу тарахтарна а, оцу могӏабинна ӏохкучу бӏогӏамашна а.
Хӏинца кӏентан мостагӏалла дара оцу тарахторца а, оцу бӏогӏамашца а. Уьш-м оцу къизачу «Советан ӏедало» хьовсийна хилла кхуза.
— Хӏумма а дац, сан кӏант, хӏинца оцу ӏедална коьртахь лаьтташ берш вайн къоман тӏехь ӏазап латтош бац. Оцу ӏедало-м вайна радиу а йу дӏатосуш. Кестта и ӏохку бӏогӏамаш могӏабинна дӏахӏуьттур ду ураман бохалла. Царнна тӏетосур ду аьчган серий, царнна чухула радиуна чу къамелаш, эшарш схьакхочура йу. Дала мукълахь кхин ӏазап кхочур дац вайн къоме а, кхин долчу къаьмнашка а.
— Баба, вайна чуйалор йуй и радиу? Ма чӏогӏа лаьар-кх сунна цуьнга хьажа, — бабина уллора сехьа а ваьлла, ураме лаха а, хьала а хьаьжира кӏант и бӏогӏамаш урамехь лаьтташ муха хир ду хьожуш сана.
— Вайна-м тешна а чутосург хир йу и радиу, и хӏинцца тӏевеъна хилла Ахьмад вайн нуц ма ву. Сан йишийн йоӏ Байсари йу цуьнгахь марехь, — кхетийра бабас кӏант.
— Сихха бовлахьара уьш бӏогӏамаш дӏахӏиттийна, — сатосуш ойлане велира кӏант.
— Суна-м вайна кестта ток а чуйалор йу бохуш хезна. Токачиркхаш чутасахь ма серла а йер йу вайн йурт, — элира ойлане Ребӏата.
— Баба, и хӏун йу? Ток? – цецвелира Сайдӏали, шена цкъа а ца хезна дош олуш.