Мох санна девдда доьлху бераш кестта тӏаьхьакхиира салазна, тӏаьхьакхиъна а ца ӏаш, уьш-м цунна хьалха а лилхира. Тарахторан онда гӏовгӏанал а чӏогӏа декара берийн зевне аьзнаш. Бераш-м хӏинца тарахторна довдий хьалха лелхаш, тӏаккха духадоьрзий цунна го тосуш хьийзара, шаьш цхьа боккха болх беш санна. Салазна тӏера «монтоьраш» а бара цхьана ханна шайн хабарш дицделла берех самукъадаьлла, куьйгаш а лестош цаьрга цхьаъ-м дуьйцуш бегаш беш. И йоккха гӏовгӏа а хьош дӏакхечира уьш ураман чаккхенга а. Тӏаьххьара бӏогӏамаш хиллера «монтоьраша» тахана дӏадугӏун дерш. Цхьа иттех бӏогӏам бен ца бисинера церан дӏабогӏан.
— Бераш, шайн да-наношка дӏаалалаш: тахна тхо бӏогӏамаш дӏадоьгӏна девлла, кхана серий дӏатасан дуьйлалур ду. Кестта шу массеран а чохь радио хир йу йекаш, хабарш дуьйцуш, эшарш лоькхуш! – хаам бира Ахьмада берашка, тарахтор дисина бӏогӏамаш схьадан дехьайаьлла гӏовгӏа лахйелча.
— Ваша, радиуна хелхайала хаьий? – цӏаьххьана дагахь доцу хаттар дира Сайдӏалис.
— Радиуна-м хелхайала хаахь тамаша бу… Хабарш-м дуьйцур ду цо аша «тоийта» аллалц. Делахь а кестта вайна йукъайер йолуш йу тилвизорш! Цу чохь-м го боху адмаш хелхадовлуш а. Хелха девлла а ца ӏаш, дерриг а дуьне а гойтур ду цу чохь-м. Европехь, ӏамарк-континентехь, Африкехь массо а маьӏӏехь дерг хаан а, ган а йиш хир йу вайн кестта, — шен кӏорггера хаарш гайтира Ахьмадас.
— Ткъа маца йогӏур йуй вайга и тилизар? – хаьттира Ибрахӏима.
— Ца хаьа… Кестта, кестта! Шу даккхий хилале кхочур йу и тилвизор а вай долчу! Ткъа хӏинца, бераш, шу когашна бухахь а ца лелаш, шайн-шайн цӏа гӏо. Хӏара кӏира чекхдалале шун чохь радио йекан йолалур йу шуна! – элира Ахьмадас.
Дог ца догӏуш, духахьоьжуш цӏехьадуьйладелира бераш. Дӏадоьлхуш боца хетта болу некъ, хӏинца духадогӏучу берашна чӏогӏа бахбеллера. Шаьш ӏаш долчу йуккъе схьакхачан кхин цхьа йукъ йиснера царнна, цӏаьххьана цхьана агӏонцарчу некъара дуккха а берийн орданга схьахьодуш. Бераш мелла а даккхий дара, уггар воккха волчу Ибрахӏимал а, кхин берш ца бийцича а. Уьш-м дукха а бара масийттаза.
— Хӏа-а-а! Хӏинца керадаьхкарий шу! Хӏинца оха бийр бу шун болх! – олуш чухахкаделира хийра бераш.