Седарчий оьгу нийсса бӏаьргаш чу...
Седарчий оьгу нийсса бӏаьргаш чу,
Ас хьоьшург тӏаьххьара гуьйренан дети ду.
Со велха гӏерта — воьлу.
Со латта гӏерта — воьду.
Со гахь шайна воьлуш,
Со гахь шайна воь́душ.
Со лаьтташ вуйла, воьлхуш,
Хаалаш.
Хаалаш,
Седарчий оьгийла нийсса бӏаьргаш чу.
Ас хьошург тӏаьххьара гуйренан дети ду.