Ахьа хӏун до, ӏовдал, хьера-м ца ваьлла хьо? Классера берашна хьо тосалахь-м цара беламе воккхур ма ву хьо! Цӏа вахан деза, нахала валале! Кхана гур йу хьуна Малижа. Муха кхана? Тахана Малижех кхин цкъа бӏаьрг ца тухуш-м вахалура вац со цӏа!» — ойланаша хьовзийра со. Ишколан уьйтӏара, схьахетарехь, со уггар а хьалха араваьллера. «Сан ши накъост Турпалханний, ӏарбий а хир ву-кх со вайна хьийзаш», — дагадеира суна. Тхо-м дацара ишколехь, хьов, цӏахь а вовшех къасталуш. Фотоаппаратца дийнахь даьхна суьрташ фотокехата тӏедохуш ӏара тхо буьйсана, наггахь сахиллалца а. Ткъа шолгӏачу дийнахь классехь наб оьхуш ӏаш хуьлура. Хӏинца-м кхоьссина витинера аса сайн ши накъост а. Со-м вацара тахана кхин цкъа, къайла-къулах делахь а, сайн Малижа ца гича ӏенлура волуш. Генна сайна тӏехьайогӏуш хаайелира суна дешархойн тобанаш. Дуткъачу, хӏинца а божарийн агӏоне дерзанза долчу, лахарклассахойн аьзнаша олхазарша хьун санна йекайора урамийн йаккъаш. Амма царнна тӏаьхьа схьагӏертачу лакхарчу классера дешархой баккхийнчийн кеп хӏиттош богӏура. Мехкаршца цхьана богӏура тхан классеранаш а. Кӏайн фартукаш мел хаза товш йар-кха мехкаршкахь. Цхьатерра бос болуш хетара шаболу мехкарий оцу фартукашца. Хетара амма со воцчунна. Оцу малхехь лепачу кӏайн фартукашна йуккъехь сан бӏаьрго сихонца къастийра Малижийн фартук, цуьнан нийса семса тайниган санна бос сирла месаш. Иза-м массо а шайн тобанера мехкарий санна самукъане, йекхна йелайелла йара. Суна-м дера моьттура иза, со уллохь ца хилча, ойлане хир йу. И йелалуш хилар-м суна дикка новкъа а деънера. Ткъа сан дагна кхин а чӏогӏа вас йенйерг-м хӏинца а гучудалан дезаш хиллера.
— Малижа, хьо дага йоьхна са хьаладолуш доллу-кх сан. Хьо мел чӏогӏа хазахета суна. Сан бен кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул чӏогӏа суна йезаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа дӏататтахь. Хьан и ши бӏаьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича гӏенах а и хьан стигалбасахь бӏаьргаш хуьлу со хьоьстуш. Дӏа ма тетта сан захло. Делора йу аса хьо йадийна йуьгур, хьо хьо реза а йолуш ца йагӏахь! — чӏегӏардиган декар-м берийн ловзар дара тхан классера ӏумр цӏе йолчу кӏанта Малике ден къамелаца дуьстича.