Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех ӏехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма йара. «Смена» олуш, оцу хенахь йукъайевлла ӏ5 сом мах болуш йара уьш. Мел самукъадолура тхан вовшен хийцалуш догӏуш лаьтташехь суьрташ дохуш.
— Тховса схьадохий вай суьрташ? — хаьттира Турпалхана тхо дӏасакъаьсташ. Церан цӏа ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш — генахьо.
— Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, — элира аса.
— Кхинарг тоьуш йуй?
— Йу моьтту суна, — жоп делира аса.
-Хӏун мах бу цуьна? Аса суьйрана дӏавогӏуш йахьара йу, — олуш шайн боккхачу некъана агӏонца болчу ураме дӏавирзира Турпалхан.
— Бархӏ кепек бу моьтту суна, — цунна тӏаьхьа чӏогӏочу озаца элира аса.
Сой ӏарбий-м кхин а дикка гена дӏавахан дезаш вара.
— Сайдӏали, хьо стенга ваханера? — хаьттира ӏарбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.
— Эцца волалуш вара со-м, — дог ца догӏуш жоп делира аса.
— Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? — шен буйна лоцу ишколан тӏоьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира ӏарбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен чӏогӏачу озаца.
— Хӏа-хӏа, цхьа а дов дацара... — дӏахадийра аса.
Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира ӏарбех а, иза а кӏадвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин дӏа баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ ӏарби вехачу хӏусамна улло а.
— Со суьйрана дӏаван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ дӏа ма дахьийталахь, Сайдӏали, — олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира ӏарби.
Со хӏинца-м со висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со чӏога ленвина моьттура, хьан-сте ца къаьсташ делахь а. Кхечун бӏаьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх хӏинца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.