меро а бертаза лерам кхуллура цуьнга хьаьжначун дагахь.
Воккхачу стагана тӏаьххье гучуйелира тӏехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тӏаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгӏа а хилла, салаз шена тӏаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогӏучу жимачу стаге вистхилира:
– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дӏахӏоттае. Ӏусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.
Оцу стагана тӏе тидам бахара ӏелин а, амма бӏаьрса гӏийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера ӏелина. Иза Айзин кӏант Дауд вара. Хӏета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Ӏелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тӏебахана хилар. Ша хиъна ӏачуьра хьала а гӏеттина, цунна дуьхьалвахара ӏела.
– Ассаламу ӏалайкум! Хьо марша вогӏийла, ӏела! – ӏелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!
Хӏинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира ӏелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.
– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дӏасакъаьстича, куьг дӏа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра ӏелас. – Тӏаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, ӏожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?
Ахьмад воьхна хьаьвзира.
– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.
– Оцу дийнахь со кӏелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…
– Ас динарг вай массара а динарг дара, ӏела. Накъосташа со ӏожаллех кӏелхьарвоккхуш а, ас накъостий кӏелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. Тӏамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьӏап бисина. Суна хилларг-м хӏумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цӏа муха веана?
– Хӏун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу ӏазапо стаг хеназа къанво, ӏожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале ӏожалло дӏабаьхьира сан накъостий. Тӏаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгӏачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бӏаьрга ца гуш,