«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира ӏабдин а.
Вист ца хуьлуш, вахана неӏ тӏе а чӏаьгӏна, чухула гӏуй а боьллина, Хьуьсина тӏе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гӏовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кӏел валийра Ахьмада:
– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотӏах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а ӏелин а, Айзин а, сан а цӏе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегӏах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гӏизби!
Кхеравелла, ши бӏаьрг схьаэккха санна, хье тӏе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гӏопастанал дехьахь вегош лаьттачу ӏабдина тӏе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.
Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. Хӏокху гӏуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентӏарчу цхьана воккхачу ӏеламстагана тӏе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тӏаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тӏаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, хӏара ӏела санна, цӏа верзахь, и зуда йигначо, шариӏатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариӏатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало шена ца лаахь, йа йухайан и зуда реза йацахь, шена луъучу маре йаха маьрша йита йеза. Нагахь санна зудчунна хене йала рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тӏаме, йийсаре лаьцна йа Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре йаха бакъо йу зудчун.
Шариӏатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гӏиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гӏуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агӏор ца листича ца долу. Амма муха?
Товханна хьалха кхакханах бинчу кӏедачу миндар тӏе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццу ойланаша дӏалаьцна ӏара Айза а. Маьркӏажал тӏаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла йаьгна