тешаш а болуш, оцу ӏеламстага сайна хьехначу шариӏатан некъашца, кхузза цӏе а тесна, и Айза, сайн цӏар тӏера дӏа а йаьккхина, йитинера ас. Шена лаахь, маре йаха а, лаахь, ца йаха а, сайна декхар йолчуьра маьршайоккхуш. Нагахь санна ас дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла, шуна хьалха Къуръан тӏехь дуйнаца чӏагӏо йан кийча а ву со. Шариӏате даьккхича а, адамаллин гӏиллакхе, оьздангалле даьккхича а, мискъалан зарратал бехке дац Ахьмад а, Айза а, цаьршиммо йа суна а, йа шайна а дина эхь а дац. Соьгахьара цхьа а тайпа хьагӏ-гамо хир йац цаьршинна. Сан кӏант воккха хилла, иза шен зуда а, бераш а долуш вехаш ву. Ткъа Ахьмадан кӏант а, йоӏ а жима ду, вуьрхӏитта, пхийтта шераш долуш. Кӏанта зуда йало а, йоӏ маре йаха а йеза. Айза шен шина бераца Ахьмадан хӏусамехь йиса лаьа суна. Сайн кӏант а, Ахьмадан йоӏ а, кӏант а, йиша а, вежарий а хуьлийла лаьа суна. Панта-Хьаьжа, ас йина кхел бусалба динца, шариӏатца нийса йуй?
– Суна хуучу бусалба динан ӏилманца лерича, цхьа хьаьрк а гал хӏума доцуш, нийса кхел йина ахь, ӏела.
Тӏаккха вукху кхаанна тӏевирзира ӏела:
– Хӏокху йуьртахь а, арахь а лоруш ву шу кхоъ. Ас йинчу кхелаца суна эхь долуш хӏумма а дуй?
– Дера, дац, ӏела. Хьо цӏена бусалба а, оьзда стаг а, вуьззина къонах хиларна тоьшалла ду ахь динарг. Изза олу оха хьоьга а, Ахьмад. Дела реза хуьлда шуна. Дала безам а, марзо а латтайойла шун доьзалшна йуккъехь.
– Хӏинца тӏаьххьара а цхьа-ши дош олу ас. Хӏокху йуьртахь зударша а, царал а оьшучу цхьацца божарша а сох а, Ахьмадах а лаьцна питане мотт-эладитанаш леладо бохуш, хезна суна. Цундела тховса вайн хилла хӏара къамел йуьрте дӏахаийта. Тховсачул тӏаьхьа и тайпа мотт-эладита лелош стаг суна хаалахь, цуьнца цкъа а сан машар хир боцуш, мостагӏалла хир дуйла а хаийта. И дехар къаьсттана хьоьга ду, Панта-Хьаьжа. Хӏунда аьлча, цкъа-делахь, хьо йуьртан къеда ву, шолгӏа-делахь, и мотт-эладита айъина леларш хьоьца уьйраш йолу нах бу а, боху. Иза чекхдели, хӏинца кхин хабарш а дуьйцуш, шуна кӏордадаллалц сакъоьрур ду вай.
Меданас йовхха сискал а, кхехкийна кхоьш а йехкира царна хьалха.
Вайн ӏедало хӏитто йуьртдай хьалха къуй, талорхой хилла, сий дайна нах бу.