Гӏалагӏазкхийн доларчу махках нийсса ах, цара дуьйш-дерзош а доцуш, тӏе къух даьлла, эрна ӏуьллура. Цундела цига гӏертара нохчий. Нохчмахкара бӏеннаш доьзалш бара ханна лело мехах латта оьцуш йа йолах белхаш беш хене бовлуш. Хӏора шарахь ах миллион сом гергга ахча токхура нохчмахкахоша оцу керлачу мехкан дайшна. Хӏетте а ӏедало шен политически ӏалашонашца гӏалагӏазкхашна дихкинера нохчашна а, гӏалгӏашна а мехах цхьана ханна лело латта далар а, йа йукъахь леладайтар а. Цара кхечу къаьмнех болчу нахачул уьттазза сов мах белча а. Ӏедал кхоьрура, гӏалагӏазкхий а, нохчий а цхьаьна баха хевшича, балхахь цхьаьна нисбелча, церан къехошна йукъахь гергарло, доттагӏалла кхолладаларна, ӏедална дуьхьал къийсамехь, цхьабарт а хилла, уьш цхьаьнакхетарна. Цундела гӏалагӏазкхийн станицашна уллохь нохчаша йехкина кегий кӏотарш йоха а йеш, уьш шайн йарташка дӏахьийсабора ӏедало.
Иштта, пхи шо хьалха Теркал дехьара цӏа бахкийтинчарех цхьаъ вара ӏаьрчхехь, лаьттах тоьла а йаьккхина, охьахиъна Жаьнтамаран Мусха.
Цхьана дийнахь, сагатделла, хьаннашкахула волавелла лелаш, ӏаьрчхе кхаьчна ӏела керлачу жимачу ирзо тӏе нисвелира. Хӏинца а кӏуьрзах цӏанйалаза йара хедийнчу диттех йисина, керла маргӏалш тесна йуьхкаш. Пачхьалкхан а йа нехан а долара хьун хьаькхна, олийла дацара и ирзо долчуьнга. Кхин дӏаса шордан таро йоцчохь даьккхинера иза. Басе шершина ӏин чу а йеана хӏоьттинчу торха тӏехь даьккхинчу цунна гобаьккхина, ала мегар долуш, лоха берд бара.
Мокхачу басахь, уьшалан хьожа йетталучу, йукъ-йукъа тӏехула туьха хӏоьттинчу лаьтта тӏехь можа бос бетталуш, гоьллелц йогӏучу хьаьжкӏашна асар даккха гӏерташ воллура сира, йеха маж а йолуш, векъана воккха стаг. Хьаьжкӏашна йуккъехь гора луьста кхиъна кхоьаш а, йоца хуталш хецна гӏабакхаш а.
– Ассаламу ӏалайкум, хьекъийла хьан! – мохь туьйхира ӏелас, ша цуьнга нисвелча, соцунгӏа а хилла.
Болх а сацийна, хьала а таьӏна, гӏовталан пхьуьйшаца хьаьжа тӏера хьацар дӏа а хьаькхна, хьаьжа тӏе куьг а хӏоттийна, леррина ӏеле хьаьжира асархо.