гӏалагӏазкхичунна тӏелеттачу нохчийн гӏерано Выпрецкий Егор, Демченко Фрол, жуьгти Дубиллер И. а вуьйш, уьш талийна. Лар Цоци-Эвла йахна.
18 декабрь. Боргӏанехула Щедрински станице цӏа вогӏу Стрельцов Михаил вийна. Зуламхочун лар Боргӏанен махка тӏехь сецца.
28 февраль. Гӏалагӏазкхичун Бондарев Иванан божалин пен а бохош, ши сту бигна. Лар Мескар-Эвлан махка тӏе йахана.
17 апрель. Пайтонахь Шелковскехула Кахановске цӏа вогӏу гӏалагӏазкхийн дворянин Гуминский Игнатий а вийна, цуьнан пайтон а, говраш а йигна нохчаша.
1 июнь. Ахархочуьнгара Кишка Иванера говр йаьккхина пхеа нохчочо.
22 сентябрь. Кахановскера Гуьмсе станце йохьуш йолу почта а талош, Негоднов Кузьма вийна, Петрусенко Тихонна чов йина нохчаша. Лар Гуьмсе йахана.
6 октябрь. Гӏалагӏазкхичунна Негоднов Трофимана чов йина нохчочо.
15 октябрь. Гӏалагӏазкхичунна Максимов Самуилана чов йина нохчаша. Лар Цоци-Эвлахьа, Мескар-Эвлахьа йахана.