Мичахь бу хьан доттагӏий Аьрсамирзоев а, Аьрзуев а? Царна тӏаьххье Нерчинске хьо дӏавахийта дош ло ас хьуна. Ас кхечухьа дийр ду хьоьца къамел!
Тӏаккха шен оьгӏазвахар ӏабдина тӏедерзийра цо.
– Хьо хӏунда лаьтта, и виран лергаш дуьйлина, ладоьгӏуш? Кхин нах буй йуьртан урхалле харжа?
– Шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан цӏерш йаха! – нахе мохь туьйхира ӏабдис.
– Мудара цӏерш йаьхначарна реза ду тхо! – вистхилира Инарлин шича Чӏонакъа.
– Саьӏад йуьртда харжа! Ӏабди – цуьнан писар!
– Хьуьса, Панта-Хьаьжа, Инарла къаной харжа!
– Шайн ворхӏе дена неӏалт хуьлда шун а, церан а!
– Седа дуьхьал баха хоржийла уьш!
Вой даьлча санна, гӏовгӏа йелира майданахь. Дехьа йуккъехь вовшашна тӏетта гӏертара Доша а, Чӏонакъа а. Шеко йоцуш, цӏий ӏанорца чекхдердолу дов сацийра гонна йукъаваьллачу Овхьада.
– Нах! – мохь туьйхира цо паргӏатчу озаца. – Вайн дайн оьзда гӏиллакхаш дицдина аш. Собарх доьхна шу. Вовшийн сийсаздеш, оьзда йоцу ӏиттарш йо аш. Кхузахь аш маьхьарий хьекхарх, вовшашна хьокхий деттарх, шаьлтанаш ӏиттарх кхин а галдалар бен, нислур дац йуьртан гӏуллакх. Кхуза гулбелла нах шина декъе, шина тобане бекъабелла. Шина а тобано цӏерш йаьхна шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан. Уьш, пхиппа, итт стаг ву. Уьш берриг а кхожа йукъа а бахийтий, кхаж тасийша. Кхаж алсамбаьлла пхиъ чекхвер ву, важа пхиъ йукъара дӏавер ву. Вовшашна весаш йан а ца оьшуш, атта гӏуллакх ма ду иза. Кхидӏа и маьхьарий ма хьекхалаш. Собаре хила, къонахий хила, и виъ оьрси вайх ма кхардаве.
Тӏаккха Хамовна тӏевирзира Овхьад:
– Господин пурстоп, хӏокху майданахь лаьтта йоза-дешар а, оьрсийн мотт а ца хуу адамаш айхьа дуьйцучух ца кхетийла хууш, майраваьлла, царна оьзда йоцу йаппарш йеш къамел до ахь. Хьо мухха велахь а, оьрсийн эпсаран цӏе лелош, паччахьан векал ма ву хьо кхузахь. Оьрсийн эпсаран, паччахьан сий лардан декхар ма ду хьан, муьлххачу хьоле, муьлххачу йукъаралле нисвелча а…
– Хьо волу меттиг а ца хоуьйтуш, тийна-таьӏна ӏийча гӏоли йу хьуна, каторжник!
Овхьад велавелира: