– Дала бекхам оьцийла цуьнан бохаман бехкечарех!
– Амин!
– И нохчийн эпсарш а, совдегарш а, гӏебартойн, гӏумкийн элий а, гӏалагӏазкхийн хьоладай а, вайн дайн хилла латтанаш йолах а, йукъахь а вайга леладойтуш, цхьана ханна вайна мехах духкуш, шаьш балхах куьг дӏа а ца тухуш, хьолана букъабелла, хьоло хьерабаьхна бехаш бу. Вайн хьацар, вайн цӏий ду цара ӏуьйдург. Ишттачу нахах помещикаш олу Россехь. И помещикаш нохчашна йукъа баьржина шовзткъа шо бен дац, хӏетте а цаьрца машар ца хуьлуш, церан лолла ца лалуш, цаьрца къийсам латтош ду вай. Ткъа и помещикаш цӏе йолу нах оьрсашлахь болу эзар шо сов хан йу. Россера дерриг латта оцу помещикийн долахь ду, ткъа халкъан долахь цхьа коржам а латта дац. Ӏедал а помещикийн карахь ду. Халкъ царна деца, церан лоллехь ду, халкъан цхьа а тайпа бакъо йац. Цаьргара латта схьадаккха гӏерташ, шайна адамийн бакъонаш лоьхуш, нийсо лоьхуш, бӏешерийн дохалла царна дуьхьал къий-сам латтош бу шу санна болу оьрсийн ахархой. Церан хӏора керла гӏаттам цӏела карчийна ӏедало. Уьш набахтехь бахкош, Сибрехь хӏаллакбеш болу эзар шо сов хан йу. Оьрсийн белхалой а, ахархой а хӏинца а гӏевттина паччахьан ӏедална, помещикашна, хьоладайшна дуьхьал. Тахана сийна цӏе кхерста йерриг а Россехь. Ахархоша бекхам оьцу шаьш лоллехь латточу помещикех. Церан латтанаш шайн дола доху, церан бахамаш багабо, гуттар а къиза помещикаш бойу. Паччахьан ӏедалан ницкъ ца тоьу и помещикаш ахархойн бекхамах ларбан. Хӏора йуьртахь латто эскарш дац цуьнан. Тӏехула тӏе, салташна ца лаьа ахархошна герзаца дуьхьало йан. И салтий шаьш а бу селханлера ахархой, царна ца лаьа шайн дайшна, вежаршна, наношна, йижаршна йетта. Оцу ахархойн бекхамах и помещикаш ларбан йолахой, йа нийсса аьлча, чаьлтачийн декхар кхочушдан нах беза ӏедална. Мила гӏур ву цига, шен лаамехь чаьлтачан декхар кхочушдан?
– Адамаллин цхьа а чо шен дегӏаца болу стаг гӏур вац!
– Кхузахь ваьшна таӏзарш деш лела салтий бӏаьрга ган ца беза вайна а!