Нагахь санна иза сацо хьайн ницкъ ца кхачахь, ӏораваккха, шариӏатан кхеле дӏало, цунах хьайна гинарг а, хуург а дуьйцуш, шариӏатан кхелехь цӏена, бакъ тоьшалла де, боху шариӏато. Нагахь санна и зуламхо ахь къайлаваккхахь, цо динчу зуламан декъашхо хуьлу хьо Далла хьалха. Ткъа нохчаша ца до иза. Зуламхо сацо а ца гӏурту, иза ӏедале дӏа а ца ло, и ӏедало схьалаьцча, йа цо зулам динчо ӏедале дӏавелча, цо дина зулам гина а, хууш а волчу стага кхелехь тоьшалла ца до. Цхьаберш, иштта тоьшалла дича, эхь ду бохуш, ӏа, цхьаберш оцу зуламхочун йа цуьнан нехан бекхамах кхоьруш ӏа. Зуламхочух кхоьру, цунах эхь а хета вайна бакъдерг ала, ткъа и бакъдерг ала бохучу Делах эхь а ца хета, кхера а ца кхоьру вай. Тӏаккха цӏена бусалбанаш дуй вай? Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волу стаг Дала гайтинчу нийсачу некъа тӏера йуьстахвер вац. Цо адам дуьйр дац, нехан хьакъ а дуур дац, мотт-эладита а лелор дац, аьшпаш а буьттур бац, нахах гӏийбаташ а дохур дац, адамийн барт бохош питанаш лелор дац. Нагахь санна и ас дийцинарш а, Дала бусалба стагана ца магош, хьарам дина кхин дуккха а лелош стаг велахь, иза Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, бусалба а цахиларан тоьшалла ду хьуна, иза дийнахь-буса хаддаза Далла ӏамал йеш велахь а!
Соип-Моллас, шен бӏаьргех доьхкина куьзганаш дӏа а даьхна, гӏовталан кисанара схьаэцна, кисин кӏайн йовлакх хьаьжа тӏе хьаькхира. Овхьадана куьзганаш доцуш тахана дуьххьара гира цуьнан бӏаьргаш. Царна тӏехулара кӏайн, дуькъа цӏоцкъамаш, буьрса делахь а, амма оцу хьекъалечу, догдикачу бӏаьргашна чохь доза доцуш йоккха гӏайгӏа гира Овхьадана.
– Хӏокху тӏаьххьарчу хенахь къаьсттана алсамдевлла нохчаша гӏалагӏазкхашна къоланаш дар, – куьзганаш бӏаьргаш тӏе дӏа а нисдина, доккха садаьккхира Соип-Моллас. – Нагахь санна керстано шайга, бусалба дин дӏа а тасий, керста дине дерза, шайн хӏусамаш а йитий, махкахдовла бохуш, шаьш хьийзош дацахь, керста шуьца машар безаш велахь, цуьнца машаре даха, боху Дала. Вайга, бусалба дин дӏа а тасий, керста дине дерза а, бусалба дин ма леладе а ца боху оьрсаша, вайн дин сийсаздеш а бац уьш, вайга хӏокху махкара довла а, ца боху цара. Хӏета, царна зуламаш ма дайша, цаьрца дов а ца