лаьа вайна. Вай ма ду и бохамаш ваьшна бийраш. Хӏара гӏуллакх иштта гена дӏадодахь, хенан йохалла нохчийн къам, ийманах доьхна, хӏаллакьхир ма ду. Вай и зуламаш дитахьара, цхьаболу бохамаш бийр ма бацара ӏедало. Цхьа гӏуллакх къовсаме, девне, тӏаме даьлча, иза машаре дерзо гӏорта везарг гӏорасизаниг ма ву. Ша тоьлур воцийла а хууш, и къовсам, дов, тӏом гена мел бели шена эшам, бохам алсам хуьлуш гӏуллакх дӏадоьрзур дуйла а хууш. Хьекъале стаг нуьцкъалчу, хьалдолчу лулахочуьнца машаре, бертахь веха, шен сий а лардеш, цуьнгара пайда а оьцуш. Ткъа сонтаниг – цуьнца дов деш, тар ца луш, мостагӏ а хуьлий, дакъаза волу. Ас и аьлча, хьо оьрсашкахьа ву, церан ӏедалехьа ву, халкъан мостагӏ ву олий, со нажжаз во нохчаша. Ткъа нохчийн халкъана ницкъаш ма бахьара, бехк-гуьнахь а доцу адамаш бӏарздина ма хьийзадахьара, Сибрех ма хьийсабахьара, кхин а, кхин а шега аьлча, ӏедало олу соьга, хьо паччахьна, цуьнан ӏедална дуьхьал ву, хьуна керста оьрсий ца беза, нохчий ӏедална дуьхьал бохурш, цаьрга оьрсашна зуламаш дойтурш хьо коьртехь волуш, шун динадай бу, олу. Бакъдерг, нийсаниг, маслаӏатениг аьлча, оцу шиний агӏорчеран мостагӏ хилла со.
Овхьад воккхавера хӏокху гӏараваьллачу ӏеламстеган а, шен а ойланаш цхьаьнайогӏуш хиларх. Махкахь хӏоьттина чолхе хьал а, нохчийн къомера гӏайгӏа-баланаш а, цуьнан декъаза кхоллам а дика гора цаьршинна. Амма коьртаниг кхин ду. Хӏара декъаза къам хӏокху баланех, бохамех, паччахьан лоллех кӏелхьардаккха некъ лахар. Овхьада къастийнарг политикин некъ бу. Иза сацам боллуш дуьхьал ву нохчийн халкъо шен маршонехьа герзаца, тӏамца къийсарна. Оцу некъо халкъ хенан йохалла хӏаллакдийр ду. Дӏадаханчу бӏешерашкахь санна, мел турпала летарх а, нохчийн къомана шен цхьаьннан ницкъаца йаккхалур йац маршо. Оьрсашца, Россехь дехачу кхечу къаьмнашца бертахь, массеран а йукъарчу, цхьаьнатоьхначу ницкъашца бен толам баккхалур бац паччахьан, хьоладайн ӏедална тӏехь. Иза дохийна дӏа а даьккхина, керла ӏедал хӏотто деза. Халкъан ӏедал. Тӏаккха лолла а, ӏазап а, зуламаш а дӏадевр ду. Къаьмнаш бертахь, машаре, ирсе, токхе дехар ду.
Овхьада бийцира и шен сатийсамаш.