дуьйлуьйту цо. Мостагӏашна иза ӏехо а, лоллехь латто а атта хуьлу. Ткъа хьагӏ-гамонаш, зуламаш Дала адамаш кхоьлличахьана дуьйна схьа массо а къомана йукъахь хилла а, долуш а, хир долуш а ду. Адам-пайхамаран шина кӏантах цхьаммо хьагӏ-гамонна тӏехула шен ваша вийна. Цигара схьа доладелла иза. Амма и хьагӏ-гамонаш а, зуламаш а кӏезиг хилийта таро йу вайн. Къам ийманехь нисдар. Делан дош цуьнан даг чу дижор. Йукъара схьалаьцна, дерригенах а аьлча, нохчийн къам оьзда, къинхетаме, доьналле къам ду. Къуръано бохург, пайхамаран хьадисаш, шариӏат, Далла хьалха бусалба адамийн декхарш шайна цӏенна хууш хилча, бусалба дино ца магийна, дихкина зуламе гӏуллакхаш, амалш йуьтур йолуш къам ду. Ткъа и зуламаш лело нах а дукха бац, шаьш хӏуъа леладахь а, Далла ӏамал йеш нах бу уьш а. Шаьш кхетийча, нислур болуш. Къуръан чохь а, жайнашкахь а дерг, шариӏат довза нохчашна ӏаьрбийн мотт ца хаьа, ткъа уьш нохчийн матте гочдина, нахана довзийта вайн ӏеламнах бац. Цундела бусалба адамийн коьрта декхарш нохчашна довзийта, уьш нохчийн маттахь йаздина, даржо гӏерта со. Доцца аьлча, нохчашна ӏилманан хаарш оьшу. Бусалба динан а, дуьненан а ӏилманаш. Тӏаккха хуур ду вайна Дала бохург а, Пайхамара (ӏалайхӏи салам) дийцинарг а, шариӏат а, хӏинццалц схьа дуьненахь хилларш а, тахана долуш дерг а. Тӏаккха хуур ду вайна диканиг а, вониг а вовшех къасто а, Дела резавоцург дита а, зенех-зуламех, бохамех вешан ницкъ ма-кхоччу лардала а, вешан мостагӏашка ваьш ца ӏехадайта а. Тӏаккха хуур ду вайна вовшийн лера а, вешан хьекъале, оьзда, доьналле, Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, нохчийн къомах дог лозуш а болу къонахий къомана коьрте хӏитто а, царна муьтӏахь хила а, церан сий дан а, уьш ларбан а. Ткъа тахана Россехь оьрсаша вовшахдеттарш оьрсийн шайн гӏуллакх ду. Соьга хиттича, церан гӏуллакхашна йукъагӏертар дацара нохчийн къам. Иза шен кхетамца генна тӏаьхьадисина дуьненан политикина.
Соип-Моллица делкъан ламаз а дина, доьзалан ӏодика а йина, Гати-Юьрта цӏа верза новкъа велира Овхьад. Соип-Моллин къамелан ойла йеш, и беха некъ бацбелира цунна…