салтий дӏа а баьхна, дӏайиллира вагонийн неӏарш. Тӏаккха Мударна хьалха схьахӏоьттира масех бӏе стагах лаьтта къорза тоба. Йукъ-кара нохчийн куйнаш, чоэш. Эххар а и гӏовгӏанаш а дӏатийра. Вагонашна хьалха тӏекӏел йоьттинчу йаьшканаш тӏе хьала а ваьлла, цхьана оьрсичо куьг хьалалаьцча. Тахана керл-керла хуьлучу, шена гучу инзаречу гӏуллакхаша цецвоху Мудар, уьш дерриг а дицделла, акъваьлла висира, оцу оьрсичунна тӏаьххье хьала а ваьлла, цунна улло хӏоьттина шен йуьртахо Овхьад гича. Шен бӏаьргех ца тешаш, уьш хьакха а дина, леррина цуьнга хьаьжира Мудар. Шеко хуьлийла а дацара. Лекха, элдара, куьце дегӏ, доцца лоргуш тодина ӏаьржа маж-мекх, майра хьажар а. Цуьнан йуьртахо, Хортӏин Овхьад ву-кх!
«Ванах, хӏара а хӏунда веана кхуза? – цецвуьйлура Мудар. – Йуьртахой суна дуьхьалбаьхна ца ӏаш, кхуза а веана. Суна тӏаьхьара вала ойла йан а йуй-те цуьнан?»
– Вежарий-ламанхой! – къамел долийра Овхьадал хьалха йаьшканаш тӏе хьалаваьллачу оьрсичо. – Масех бӏе шо ду паччахьан а, хьолахойн а ӏазапа кӏел оьрсийн къинхьегаман халкъо узарш ден. Оьрсийн халкъах ӏуьйдучу цӏийх ца ӏаьбна, цӏарца, туьрца шайн кога кӏел доьхкина цара кхидолу кегий къаьмнаш. Шун дайша бӏе шарахь гергга турпала дуьхьало йира паччахьан колонизаторшна, церан ӏазапан дукъа кӏел шайн маьрша кортош охьа а ца таӏош, царна хьалха гора а ца хӏуьттуш. Паччахьо а, хьолахоша а нуьцкъах а, ӏехош а шун йарташка лоьхкура оьрсийн салтий. Цаьрга хӏаллакдойтура шун халкъ, сийначу цӏарах йагайойтура шун йарташ. Шун жимачу халкъан ницкъ ца тоьира шайн махка гӏерта дуьненахь а йоккха, къизачаралахь а къиза Россин импери йухатоха, сацо. Шуьгара уггар дика мохк дӏа а баьккхина, шу дерзинчу тӏулгийн лаьмнашка а доьхкина оьрсийн паччахьо. Амма шуна ма мотталаш, и шайгара дӏадаьккхина латта оьрсийн къинхьегамхошна делла. Хӏан-хӏа, ца делла. Шун а, тхан а цӏий муьйлучу хьолахошна, шун халкъан цӏий ӏенийнчу инарлашна, эпсаршна, царна гӏо динчу йамартчу йовсаршна совгӏатана дӏадекъна. Хӏокху гӏалара дика, хаза цӏенош гиний шуна? Царна чохь бехарш хьолахой бу, ткъа царна хьал ӏаӏош, лайш хилла болх беш, къахьоьгуш долу тхо тӏекхетта йохкучу