шо а даьккхина, ши шо хьалха цӏа веана иза. Иштта дика ӏаьрбийн, туркойн меттанаш а хаьа цунна…
Тобанна тӏехьа лаьттачу адамийн цӏеххьана гӏовгӏанаш йевлира. Цига дӏахьаьжначу Мударна гира гӏаш а, говрашкахь а кхаа агӏор тӏедогӏу эскар…
Россе буьгу нохчийн йолахой совцо кхуза гулбелла гӏалин белхалой дӏасалахка йалийначу салтийн взводо царна тӏе тоьпаш тоха дуьхьало йича, гӏалара далийначу эскарийн дакъойн йуьхь йара Мударна гинарг.
– Нохчий! Хӏокху оьрсичо шуьга аьлларг, цхьа дош тӏетоха ца оьшуш, кхачо йолуш ду, – шен къамел дерзош вара Овхьад. – Оьрсийн паччахьо шайгара дӏайаьккхина маршо ламанхошка йухайерзалур йац оьрсийн а, Россехь дехачу дерриг халкъийн а гӏоьнца бен. Цундела паччахьан ӏедало кхечу къаьмнашначул тӏех баккхий бохамаш бинчу, царал тӏех доккхачу ӏазапехь, лоллехь даллочу нохчийн халкъан декхар ду, шайн маршонехьа къуьйсучу Россерчу халкъашца уьйраш а тесна, царна гӏоьнна гӏовттар. Амма аш Россехь кхочушден долчу эхьечу гӏуллакхо нохчашний, оьрсашний йукъара барт, гергарло чӏагӏдийр дац, йукъахь цатешам, цабезам кхуллур бу. Вайн къомана эхь дан доьлху шу цига. Нохчийн йартийн векалша тахана Кавказан наместникан а, вайн депутатан Эльдарханов Таьштамаран цӏарах Пачхьалкхан Думе а телеграммаш йахьийтина…
Хьалхарчу ротин салташа, шиний агӏор дӏа а хӏиттина, цӏерпоштан некъ дӏалецира. Шолгӏачу рото, гонаха салтийн ха а хӏоттийна, депо чуьра цӏерпоштан йай арабаьккхира. Кхоалгӏачу роте а, пулеметийн команде а, гӏалагӏазкхийн дошлойн бӏоне а омра дира, платформа а, вокзал а, цунна хьалхара майда а, цига догӏу урамаш а белхалойх дӏацӏанде аьлла. Кхаа агӏорхьахула тӏетаьӏначу цара, салташа тоьпийн баххаш детташ, гӏалагӏазкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а детташ, платформи тӏера йухадаьккхина адам вокзалах пена тӏе таӏийра. Цигахь нахана йетта йолийра курсантийн командо. Амма дукхахболчу белхалоша, низамехь тобане а гулбелла, шаьш лаьттачуьра меттах а ца бовлуш, дуьхьало йира царна. Курсанташна йетта йолийча, гӏоьнна йеанчу пулеметийн командо гонна йукъахьовзийра белхалойн тоба. Кхечухьа йухабаьхна белхалой тӏегуллуш, вокзалах хьалхарчу