политикина а йукъа ца гӏерта, боху. Амма Галаевна шера хаьа йуьртан урхалле хаьржинчу пхеа стага Абубакаровх дагаволий бен ког дӏатосуш цахилар. Хортаев Овхьад нохчийн интеллигенцица а, Соьлжа-Гӏаларчу РСДРП тобанан куьйгалхошца а йаккхий уьйраш йолуш ву. Нохчийн интеллигенцин векалша чӏогӏа лоруш а, сий деш а ву, боху, иза. Нохчийн йолахой Россе ца бигийта, гӏалара белхалой Хортаевн дӏадолорца гӏевттина хилар а гучудаьлла. Тамашийна хӏума дай хӏара-м. Шина вешех цхьаъ – ӏедалехьа, важа – дуьхьал. Оццу Гати-Юьртара ву Манчжурехь нохчийн, гӏебартойн дошлойн ши бӏо тӏамна дуьхьал гӏаттийнчарех шиъ а. Ткъа хӏокху тӏаьххьарчу баттахь Зеламхин гӏеранах дӏакхетта ши гатийуьртахо.
Хӏара Галаев санначу кхечарна шура йоккху йетт бу Нохчийчоь. Амма цуьнан декъаза кхаж баьлла. Массо а зуламийн хьоста ду цуьнан округ. Кхузахь бу обаргийн бен а. Цхьана агӏор, Зеламхех кхоьруш, кӏожан пха а бегабо цуьнан. Зеламхас шозза кехат даийтина цуьнга, нагахь санна и хьайн къизалла ахь ца сацайахь, ахь цхьа стаг Сибрех вахийтахь, цхьана стеган цӏий ӏанадахь, ша Добровольскийна тӏаьхьа жоьжахата вохуьйтур ву хьо аьлла. Цо дийр ма ду иза. Зеламхас цкъа а эрна бага ца йетта. Цо шен дош кхочушдо. Цунна масал ду Добровольский а, Къеди-Юьртан разъездехь цо динарг а. Кхин маса ду уьш…
«Хӏаъ, кхузахь лерг сема, бӏаьрг сирла хила веза, – ойла йо Галаевс. – Ас корта а биттина, халла суна гӏоьнна баийтина гӏалагӏазкхийн пхи бӏо, хӏара гӏуллакх чекх ма-деллинехь, дӏабуьгур бу. Тӏаккха округехь йукъара мятеж йолалахь, сахьт далале хӏаллакйийр йу сан жима гарнизон. Ирсе бу гӏалагӏазкхийн отделийн начальникаш. Правительствос лучу тӏеман ницкъал совнаха, виллина дӏа церан лаамехь ву цергашна тӏекхаччалц герзаца кечвина маситта эзар гӏалагӏазкхи. Шайга шок ма-тоьххинехь, нохчийн йарташна тӏехахкавала массо хенахь кийчча. Тӏехула тӏе, дукха хан йоццуш, инарла-губернаторан Колюбакинан дехарца, Кавказски эскарийн Коьртачу штабо Георгиевский тӏеман складера итт эзар берданка а, масех миллион патарма а белла йеккъа цхьана Сунженски отделана. Герз делла а ӏай ткъа! Гӏалагӏазкхий герзаца кечбеш комаьрша харж йо