царна хьалхаваьлла лелаш ца вийнера Асхьад? Хьуьса, хьан да Товсолта-Хьаьжа, Саьӏад, хьан да Бора-Хьаьжа, хӏокху йуьрта богӏучу оьрсийн хьаькамашна хьесталуш, церан цӏогана кӏел мотт хьоькхуш, царна Деле гӏо доьхуш, доӏанаш деш ца лелла? Хӏокху йуьртан ах мохк шу иттех стеган долахь бу. Шун дайша, хьун хьокхуш, баьккхина иза? Цхьа кол ца хадийна цара! Тӏамо тӏера дай байъина, йа ӏедало Сибрех бахийтина, шайн кхаш дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, йаа сискал йоцуш бисинчу жоьра-зударшкара, берашкара гирда хьаьжкӏаш луш, шун дайша шайн доладаьхна латтанаш ду уьш. И доьзалш йолах шун дайша а бацийра, церан тӏаьхьенаш йацош шу а ду. Сан кӏант а, Мохьмад а, хӏара Солта а японца тӏаме бахийтинарш шу дац? Мудар Россе хьажийнарш шу дац? Шайн кӏентий хӏунда ца бахийтира аш? Шун дай а хилла йуьртана йамарт, хӏинца шу а ду!
– Оха ца бахийтина уьш, ахчано бигна! – цавашаре велакъежира Саьӏад. – Ахчанах бохкабелла бахана.
Аьрсамирза цӏий сиха, дера стаг вара. Хӏумма а цул тӏаьхьависина Солта а вацара. Амма Саьӏад а, ша молла велахь а, Хьуьси а вацара кӏиллочарех. Ӏабди-м цхьогалан амалш йолуш вара. Хӏокхеран дов гена а даьлла, вовшашна тохарна кхеравеллачу Ахьмада совцийра уьш.
– Хьуьса, хьо ӏеламстаг хиларна, ткъех шарахь йуьртан молла а, къеда а латтарна, сайн къамел гӏиллакхехь хьалха хьан цӏе йаьккхина долийра ас. Ткъа хьо, вист ца хуьлуш, хьайн шина накъосто дуьйцург къобалдеш, корта а теӏош, хиъна ӏа. Ткъа шу виъ а гӏиллакхах, оьздангаллех ма воха, собаре хила. Аьрсамирзас оьгӏазвахана аьлларг а, йерриг йуьртана а хууш, бакъдерг ду. Делахь а дӏадевлларш дуьйцур дац вай. Ткъа хӏокху тхан кочахь долчу даржах лаьцна аьлча, хӏара оха лехна а, дехна а ца деана тхан коча, оха тӏелаьцнарг йуьртан лаам бу. Хӏокху хьаькамаллех хӏумма а даккхийдеш ӏаш а дац. Ткъа шу, Саьӏад, наха йуьртда а, къаной а хоржучу хенахь шайн бартахошца цхьаьна гуламера дӏадахара. Иза дина а ца ӏийра. Къайлах пурстоьпаца барт а бина, йуьртарчу куьйган бакъо йолчу пхи бӏе гергга стагах ах бӏе шайн бартахой а гулбина, цаьрга кхаж а тасийтина, йуьрто хьо йуьртда, ткъа хӏара Хьуьсагӏар къаной хаьржина аьлла, дӏа а кхайкхийна, хӏокху чу