Ӏедало халкъана тӏехь къизалла латтайора, ткъа обаргаша цунна дуьхьал ӏедалах къизаллица бекхам бора.
А. Шерипов
Полковник Галаев жерге хьоьжура кхузарчу бахархошка. Цуьнан бӏаьргашца хьаьжча, иштта бара нохчий: даьшна кортош а, чоьш хьийзина, хьакхарша хьанйина мажош а, бетан шиний агӏорхула охкаделла мекхаш а, цкъа а ца хуьйцуш лело модаша дуьзна духар а долу боьрша нах; ах хьаж дӏахьулдеш къевлина йихкина ӏаьржа чухтанаш а, коьртех хьарчийна даккхий корталеш а, цхьана агӏор йух хьала а оьзна, шарбалан борчах таӏийна йеха кучамаш а, хьоркешкахь когаш хабийна шуьйра шарбалш а йолуш, даим гӏайгӏане, кхоьлина хуьлу зударий а; мерах охкайелла мершаш а, царна хьекхна тӏе айр лацаделла куьйгийн тӏеш а, кучийн пхьуьйшаш а долу божабераш а. Гӏопера араваьлча, урамехь, базарахь, некъахь шена гина массо а нохчо йа обарг, йа обаргийн бартахо, лаххара а – ӏедалан мостагӏ хетара цунна. Хӏокху нохчех, цаьрца йацахь а, кхеллин хьожа йогӏура, уьш гича, дог хьалагӏертара.
Полковник ша хӏири вара. Хьанна хаьа, ламанца бехаш болу цуьнан хӏирий хила мегара цунна шен бӏаьргашца гуш болу нохчий санна, бодане, тӏелхагбевлла, мезех а буьзна, кхеллин хьожа а йогӏуш. Цуьнан ден да а, да а Моздокехь гӏалагӏазкхашна йуккъехь ваьхнера, церан йоллу бакъонаш а йолуш. Хӏара ша а цигахь винера, кхиънера, цунна шайн хӏирийн дахар ца девзинера.
Зеламхас Ведана-округан начальник хилла подполковник Добровольский вийча, цуьнан метта схьаваийтинера Галаев. Хӏара ламанхойн цӏийх а, ламанхойн гӏиллакхаш, амалш йевзаш а хиларна. Уггар коьртаниг – хӏара къиза а, бекхаме а стаг хиларна. Добровольский цкъа гинера цунна. Цкъа гича, тоьуш дара иза ма-варра вовза. Тӏехьаьжча нелах тера, хьекъална аьрта, сутара бӏаьргаш. Шен аьтту куьг хиллачу Черновгахула цо йуьртдайшкара кхаьънаш оьцура, и шиъ къуйн а, талорхойн а гӏеранашца бертахь вара, цара шаьш йаьккхинчу хӏонцах цушинна дакъа дора бохуш, дуьйцура цунах. Хьанна хаьа, Добровольскийна оцу хӏонцах тоьлла самг кхочуш хилла хила а тарлора. Мухха делахь а, ша кхузахь округан начальник волуш, Добровольскийс цхьа а обарг а, воккха зуламхо а ца лаьцнера.