Царалахь а къаьстана – хӏокху Ведана-округехь. Кхузарчу кхузткъа йуьрто сацам боллуш дуьхьало йинера ӏедална муьтӏахь хила. Ӏедало хӏиттийна йуьртдай, къаной, къеданаш дӏа а баьхна, шайггара кхин хӏиттийра. Пачхьалкхан налогаш, кхиболу текхамаш бан дуьхьало йора. Цхьаццанхьа йуьртдайн канцеляреш йохош, йагош меттигаш хиллера. Пачхьалкхан долара латтанаш дӏалецнера, хьаннаш хьоькхура. И зуламаш совцор, пачхьалкхан декхарш такхийтар, герз схьадаккхар, халкъ карзахдаьккхинчарна таӏзар дар, округехь низам хӏоттор тӏедиллинера цунна областан администрацис. Дӏадаханчу шеран августехь операци йолийра Галаевс. Амма цуьнан кхиам ца хилира. Хӏара шен отрядаца йуьрта вогӏийла хиъча, мятежникаш, шайн доьзалшца бовдий, хьаннашкахь къайлабовлура. Тӏаккха оцу гӏуллакхна исторически зеелла хан къастийра администрацис. Ӏаьнан уггар шийла хан. Гӏа охьадоьжна, хьаннаш йерзина йевлла хан. Бовда а, бевдча, къайлабовла а, къайлабевлча, цхьана дийнахь сарралц а цаьрга сатохалур доцу цӏемза, шийла хан.
Ноябрь чекхболуш, шеца гӏашсалтий, гӏалагӏазкхийн дошлой, ламанан артиллери йолуш, Чӏебарларчу йарташна таӏзар долийра цо. И боккха тӏеман ницкъ шайна тӏететтича а, цара дуьхьало йора ӏедална муьтӏахь хила. Къаьсттана карзахйевллера Макӏажа, Нижала, Хой, Нохчкела, кхин масех йурт а. Амма Галаевс царна марахйаьккхира церан къармазалла. Герз, налогаш, контрибуци охьайахкийтира. Масех бӏе стаг, лаьцна, набахти кхоьссира, тӏаккха дукхахберш Сибрех бахийтира. Пачхьалкхан такхамаш бан ницкъ боцчу бахархойн керташкара даьхни, йийбарш дӏайаьхьира нуй хьаьккхина. Коьртачу питанчийн цӏенош дагийра. Салташа а, гӏалагӏазкхаша а, талораш деш, дӏалахьийра жимма а мехала йолу массо а хӏума. Тӏаккха дӏатийра и йарташ. Галаевна дика йевзинера хӏокху нохчийн амалш. Шайна дуьхьало ца йича, цкъа хецабелча, хьере хьайбанаш санна, карзахбовлу хӏорш, амма ницкъ гича, атта кхерало. Хӏокхеран тӏаьхьенашна а дагахь йуьсур йу цуьнан буьрса цӏе!
Кхузара нохчий ца безахь а, амма ӏалам дукхадезара Галаевна.