Шен дахарехь оцу дийнахь санна йуьхьӏаьржа ца хӏоьттинера Зеламха. Цул тӏаьхьа Саламбекана йуьхь-духьал хьажа ца хӏуттуш лийлира иза йеххачу хенахь. И къамел хиллачул тӏаьхьа Хонкарах дог диллира цо. Дог диллира маршонах а, машаречу дахарх а. Амма валлалц ваха везара. Доьзал кхаба а безара. Цо а, цуьнан накъосташа а. Цундела цара некъахой а, туьканаш а, пачхьалкхан почта а, банкаш а талайора. Амма оцу тӏехь даим а ца хуьлура кхиамаш. Цара совцийначу нахехь, почтехь, банкехь ахча кӏезиг йа данне а доцуш меттигаш нислора дукхахьолахь.
Зеламхас ахча даккха кхин некъаш лоьхура.
Хьалха заманахь луларчу халкъашца тӏом болуш йийсаре лецна нах а, йа машаречу хенахь лачкъабой амалтана нах а балош меттигаш хилла нохчийн. Уьш цхьаберш дуьхьалончо йийсаре бигначу шайн нахаца хуьйцура нохчаша, хьолахойн цӏийнах берш, дуккха а мах боккхуш, болчаьрга дӏалора, шайна ахча а делла, дӏаэца хьал долуш нах боцурш лоллехь совцабора.
Мескатхойн Мохьмада ахчанах йуха дӏавохка гуьржийн эла амалтана валорах лаьцна цхьа дийцар доцург, хьалха заманахь леллачу оцу гӏиллакхах лаьцна кхин хӏумма а дац халкъан барта кхоллараллехь дуьйцуш. Амма тӏаьхьа, Россица нохчийн тӏом болуш, и тайпа гӏуллакхаш дуккха а лелла. 1802-чу шеран 27-чу сентябрехь гӏалагӏазкхийн Порабочевски станицана тӏелеттачу Таймин Бийболата йийсаре валийра тӏаьхьа инарла хилла полковник Дельпоццо. Иза маьршавоккхург ворхӏ ворда детин ахча дийхира Бийболата. Полковникан гергарчеран оццул ахча гулдан таро а ца хилла, Россехь лотерейш а йаржийна, гулдинчу ахчанах 1804-чу шарахь дӏавигира полковник. Цул тӏаьхьа, Шемалан заманахь, оьрсийн эпсарш-дворянаш йийсаре а лоьцуш, церан гергарчаьргара дуккха а ахча а доккхуш, дӏахоьцуш меттигаш дуккха а хилла.
Уьш цхьадерш, Сиржа-Эвларчу Жамаьлдин кӏанта Заурбека дуьйцуш, хезнера Зеламхина. Дуккха а ойланаш йинчул тӏаьхьа, оцу некъашца ахча даккха сацам хилира цуьнан. Дуьххьара цо амалтана валийра некъийн инженер Турченко. Цунна тӏехь Зеламхин ойла сацаран шатайпа бахьана дара. Инженеро къинхетамза талабора некъаш дохуш а, тодеш а белхаш беш болу йоза-дешар ца хуу бодане, миска нохчий.