Тхаьш дӏа мел йоккху гӏулч Цуьнан императорски воккхаллех а, министрийн Советах а дагадовлий йоккху оха, церан лехамаш кхочушбан а гӏерта тхо. Амма кхузахь, господина Гайдаровс а, Бобринскийс а ма-аллара, дерриг а галдаьккхинарг Кавказерчу халкъийн исторически дӏадаханарг а, таханлера хьал а, церан гӏиллакхаш, амалш, кхетам, дин, культура, экономика тидаме а эцна, пачхьалкхо хӏоттийна политически, экономически программа цахилар ду. Иза чӏагӏдо тахана кхузахь суна хезначу къамелаша а. Цигара хьелаш дика хаьа массарна а, амма цигара зуламаш совцо, халкъийн барт бан, махкахь машаре, синтеме дахар кхолла, и халкъаш оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана муьтӏахь хилийта некъ ца гойту цхьаммо а.
Зала чуьра схьа цхьаммо мохь туьйхира:
– Гайтина! Воронцов-Дашков коьртехь, шу къуй, кхаьънашъэцархой, авантюристаш цигара дӏабахар!
– Наместник а, цуьнан гӏоьнчий а Цуьнан императорски воккхалло хӏиттийна, ша реза вацахь, цо дӏа а лохкур бу. Амма администраци хийцарх нислур дац цигара гӏуллакхаш. Уьш нисдан, ас лакхахь дийцинарш тидаме а оьцуш, леррина хӏоттийна пачхьалкхан политически, экономически программа оьшу. Теркан областера зуламаш совцо дӏадаханчу шина кӏиранах дикка гӏуллакхаш дина наместника. Областан начальник инарла Колюбакин шен даржах мукъаваьккхина, цуьнан метта инарла Михеев хӏоттийна. Закавказьехь православни килсан коьрта епископ Гедеон мукъаваьккхина, цуьнан метта викари Агапит хӏоттийна. Областан керлачу начальнико Михеевна тӏедиллина разбойникаш тӏеоьцучу а, царна гӏо дечу а йарташка экзекуцин отрядаш хӏиттор. Хӏинцале пхеа йуьрта хӏиттийна уьш. Нохчийчуьрчу бахархойн харжах гӏалгӏазкхийн партизански отрядаш вовшахтохар а. Разбойникаш дӏасалелачу некъашкахь эскаран посташ, къайлах дозораш хӏиттор а. Разбойникаш, кхиболу зуламхой схьалеца йа хӏаллакбан областан администрацина гӏоьнна эскаран командаш йалор а. Экзекуцин отрядашна, посташна, дозорашна харжаш а, разбойникаша оьрсийн бахархошна дина зенаш а разбойникаш чубитинчу, уьш схьалеца ӏедална гӏо ца динчу йарташа токхур йу аьлла, туземни бахархошка дӏакхайкхор а. Герз схьадаккхаза йисинчу йарташкара и схьадаккхар а.