Гӏалагӏазкхий – шайгара мохк дӏабаккхарна. Оьрсийн кхечу белхалойн а, муьжгийн а цхьана а тайпа хьагӏ-гамо йацара нохчашца, цаьргара дӏадаккха долалла а дацара. Амма уьш а кхоьрура, шаьш кхузахь халла тарйинчу хӏусамашкара ара а баьхна, балхах а бохийна, лелхийна Россе дӏахьовсорна. Цигарчу къелло, мацалло арабаьхна ма баьхкинера уьш.
Россин империн арахьарчу политикин мах хадош, иза ша кхоллаелчахьана дуьйна схьа даим а варварийн пачхьалкх йу аьлла Маркса а, Энгельса а. Иза европейски реакцин букъан сирт, коьрта гӏортор, гӏоьналлин эскар, Европин жандарм, революцийн, шайн маршонехьа къуьйсучу халкъийн чаьлтач, халкъийн мостагӏ йу аьлла. Европин пачхьалкхашна, халкъашна йукъа питанаш туьйсуш, мостагӏалла кхуллуш, уьш вовшийн коча туьйсуш, цӏий ӏенадойтуш, дуьненахь шен олалла хӏотто гӏерта иза даим а. Россин дипломати кху заманан шатайпа иезуитийн орден йу. Шен арахьарчу политикехь боьха а, цӏена а гӏирсаш ца къестабо цо. Тешнабехк, йамартло цӏийх йоьлла цуьнан, къайлах адамаш дайар цуьнан корматалле дирзина. Кхечу пачхьалкхийн политикин, дипломатин, тӏеман деятельш оьцуш а, бойуьйтуш а ахча ца кхоадо. Шайн толамах шовкъ хуьлу, эшам хиларх догдиллина йуха ца бовлу, миллионаш салтий къинхетамза тӏаме лоьхкуш, бойуш, церан декъашна тӏехула, цӏийн ӏоврашна чухула импери шорйо, чӏагӏйо. Амма Россин арахьара политика ӏаламат мекара йу. Шел нуьцкъалчу пачхьалкхашца девнах, тӏамах къехка иза, гӏорасизчу, къечу шведашца, туркошца, персашца тӏом бо, церан мехкаш дӏалоьцу. Россин исторически сатийсам бу православни килсан коьрта шахьар хилла Константинополь бусалба туркошкара схьайаккхар, Босфор, Дарданелла, Эгейски а, Адриатически а хӏордаш, Балканаш дӏа а лецна, Дуьненайукъарчу хӏорда тӏехь шен олалла а хӏоттийна, цигахула дуьхьал Малхбале европахой лела хӏордан некъ шен тергамна кӏел латто бохуш, йаздина Маркса а, Энгельса а.
Оцу ӏалашонца Россис кест-кеста тӏом бора туркошца. Амма ша цаьрца тӏом кхайкхош, Россис шен баккъал йолу ӏалашо ца йуьйцура.