Революцин дарц тӏехдаьлча, цхьана йоццачу хенахь аш меттахӏиттийна бунтовщикаша йохийна гӏишлойн неӏ-кор, техника, белхан гӏирсаш. Бехке берш балхара мукъабаьхча, бисинчу белхалоша шун болх дӏаболийна. Аш балхамаш бахь а, шуна хилла зенаш-зуламаш тоххара меттахӏиттина. Оцу тӏехь пачхьалкхо мелла а гӏо а дина шуна. Цхьадерг белхалойн хьокъах а меттахӏоттийна аш. Церан белхан дийнан хан йахйеш а, алапаш лахдеш а, гӏуданаш токхуьйтуш а, церан ӏер-дахаран хьелаш кхолларна шаьш хӏетталц йеш хилла харжаш дӏайохуш йа лахйеш а. Оцу дерригенна а тӏе шун дахар а, шун бахамаш а ларбеш ӏедал, салтий, полици, жандармери, гӏалагӏазкхий бара…
Гуламан йозанча къастийна говрачух тера йуьхь а, белшаш тӏе хӏуьттуш месаш а, лергашна лаха йевлла бакенбардаш а, дуткъа тодина ӏаьржа мекхаш а долуш, шовзткъа шо хенара стаг, пӏелгаш йуккъехь къолам а ловзош, цкъацкъа зала чу бӏаьрг а тухуш, тӏаккха шена хьалха ӏуьллучу цӏеначу кехат тӏе цхьацца сизаш а хьоькхуш, сагатлуш хиъна ӏара. Цуьнан меттана болх беш йара дехьо, жимачу стоьла уллохь, хиъна бӏаьргех доьхкина даккхий куьзганаш долу къаналлехьа лестина эгӏаза зуда.
– Амма тхан станичникашна хилла а, хуьлуш долу а зенаш-зуламаш, церан дахарна, бахамашна болу кхерам а бӏозза алсам бу, йа, нийсса аьлча, иза бийца а, цуьнан суртхӏотто а хала ду. Цхьа бежана, уьстагӏ, говр кхиош лаххара а пхеа шарахь къахьега деза гӏалагӏазкхичо. Уьш дажош, царна докъар, хӏоъ латтош, божалш цӏандеш, уьш дузош, хи малош, даим дӏа дийнахь а, буса а царна тӏехь ӏуналла латтош. Цо къица, хьацарца масех шарахь къахьоьгуш кхиийна бежана, уьстагӏ, говр нохчаша, богӏий, дажа дӏалаьллинчуьра, йа божалара доккхий, дӏадуьгу. Йа новкъахь дуьхьал а бовлий, ворданна, гӏудалкхана доьжна стерчий, говраш дӏадуьгу. Шуна ма-хаъара, стерчех, говрех ваьлла йуьртахь веха, лаьттаца болх бен стаг ши куьг доцуш санна хуьлу. Гӏалагӏазкхичун а ма бу кхаба безаш доьзалш, пхиъ-итт бер доцуш цхьа а доьзал ма бац. Царна рицкъа ма деза. Цкъа бежанах, старах, говрах хаьдча, йуха уьш дендан масех шо хан ма йеза. Уьш эца ахча ма деза цунна. Ткъа и ахча, даьхни, йалта ца доьхкича, иза кхин тӏе дан агӏо ма бац цуьнан.